Сихха гIеттинчу Меданас хьешан цIа чуьра товха цIарах йуьйлира. Iаьнан шийлачу денца ца догIучу дуткъачу духарца болу хьеший цIарна гонаха хьаьвзира. ЦIеран серлонехь бIаьрг ма-кхийтти, хиира Iусманна уьш цхьаъ нохчо а, важа шиъ оьрси а, гуьржи а хилар.
Хьешашка хаттар ца дора Iусмана. Цхьана хIуманах дог кхиъна, чу алу йоьхкича санна, кийра богура цуьнан.
– XIapa кхоъ Гуьржехара веана, – элира Дошас. – Ма-боггIу Саьмби-КIотара кхаьчна хIорш, цигахь суна тIенисбелла…
– Ванах, тхан дадин хьешех ши стаг ву-те хIара шиъ? – шен дагахь дерг схьаэлира Iусмана. – Цо бийцинчу нахах тера ду кху шиннан аматаш.
– Волчух тера ду…
Даим санна, ша сихалха лун кхача – сискал а, йовха шура а йуьллуш, хьешашна шун хIоттийра Меданас. Шуьнца тховса тIекхеттарг гIалмакхан чай дара, шура а тоьхна, тIе даьтта а диллина тодина. Бохбелла, буьзна хьеший паргIатбевлча, Нохчийчохь хIоьттинчу хьолах лаьцна жимма къамелаш деш а Iийна, хьешашка шен садуу хаттар дира Iусмана.
– ТIаккха, мехкан воцу ши хьаша, шуьшиъ мичара веана, стен валийна сан мискачу хIусаме? Шаьшшинна оьшург аш схьадийцахь, иза Делан гIоьнца кхочушдийр ду-кх вай.
– Тхо кхоъ Гуьржехара веана, – элира гуьржичо. – Хьан да, Iела, Сибрехь вевзина суний, Петроний. Цхьа бутт хьалха иза Гуьржех дIавеача, цигахь йуха а цхьаьнакхийтира тхо кхоъ.
Iусманан кийра цIе кхерстира.
– ЦIерш хIун йу шуьшиннан?
– XIapa Петр Егоров ву, сан цIе Николаз йу. Николаз Беридзе.
– Дадин уггар гергара ши доттагI ву-кх шуьшиъ.
– ХIаъа, тхан доттагI хилла ца Ia хьан да. Оха тхайн да санна лоьру иза.
Хьеший дIатийра. Уьш кхийтира шаьш дуьйцучух Iусман шекьхиларх. Баккъалла а, жимма Iийча, Iycмaна цIеххьана хаттар дира цаьрга:
– Со цхьана хIуманах ца кхета, Николаз. Дада цига вахана кхо бутт кхочуш боллу. Шуьшинца цIа хIунда ца веана иза, шуьшиннах къаьстина, цигахь хIунда висина иза?
– Нийса хоьтту ахь, Iусман. Иза цига кхаьчча, дукха цхьаьна Iойла ца хилира тхан. Тхойшиннан Россех ваха дийзира цхьана баттана. ТIаккха Iелас, ша Хонкара воьду, элира. Цигахь дозанехь ваша ву шен дIавоьллина. Японски тIамера ведда вахана, Хонкарахь вехаш оцу вешин кIант а ву, элира. Вешин коша тIе а хIуттур ву ша, вешин кIант а лохур ву ша, элира. Тхойша Россех вахана вогIучу йукъана ша, Хонкара а вахана, Гуьржеха йухавоьрзур ву аьлла, вахара иза. Ша цигара йуха ца верзахь а аьлла, хьоьгий, Ахьмад цIе йолчу шун йуьртахочуьнгий цхьа весет дитина цо.
– Оцу тIехь дерг соьга дийца ца мега аш?
– ХIан-хIа, мегар дац, Iусман, – корта ластийра Беридзес. – Хьой, Ахьмад цIе йолу стаггий цхьаьна хила веза.
«Веза Дела, хIун ду-те аьшшиммо деанарг, дан мукъа а? – чу бала хьаьвзина, тIаьхь-тIаьхьа чехкадуьйлуш, хьерадаьлча санна, детталора Iусманан дог. – Диканиг дохьуш веанехьара, тоххара схьадийцина хир дара…».
– Тховса кхойкху вай Ахьмаде йа кханенга даккха мега вайн иза? – хаьттира цо, хьешашна луург дархьама.
– Хьайна мел хало хилахь а, тховса схьакхайкхахьа цуьнга. Шун кхузахь а машаре дац. Хьанна хаьа, кхана хиндерг.
Кхин хан ца йойуш, Ахьмад каро араиккхира Доша.
4
Ахьмад охьавижаза карийра Дошина. ХIетта цхьанхьара цIа вирзина иза, тIера сов бедар дIа а йаьккхина, неIармачаш кханенна кечъеш воллура. Хан йоцчу хенахь ша волчу веанчу Дошин кхоьлина йуьхь гича, иза хIумма а диканиг дохьуш ца веаний хиира хIусамдена.
– Доша, хьо лаа лелий? – хаьттира цо шен ма-хуьллу паргIат.
– Iелин ши накъост веана Гуьржехара.
Ахьмадан дегIах шийла хьацар туьйхира.
– Iела вуй цаьрца?
– Вац…
– ХIунда?
– Ву… Амма цигахь вийна, цIа валийна. Кхузахь салтий бу аьлла, хезча, Саьмби-КIотарахь цуьнан дакъа а дитина, даьхкина тхо. Iусмане хаийтина а дац.
ХIетта ша царна чуьра схьайаьккхина тIеда къаж йуха чу а таIийна, мачаш кога а йуьйхина, гIорийначуьра йасталуш, ладарш Iийдалуш кхозу кетар тIе а кхоьллина, месала куй а тиллина, вист ца хуьлуш хьалхавелира Ахьмад.
Ахьмад неIарх чоьхьаваьлча, хьалаиккхира ши хьаша. Царах цхьаъ Iаьржа корта а, хаза хьовзийна Iаьржа мекхаш а долуш, дукъ тIедаьлла мара а болуш, Iусманан хеннара стаг вара. Ткъа воккхо ала мегар долуш, хIетта сирйала йоьлла хьаьрса маж а, хье тIера тила боьлла корта а, къинхетаме сийна ши бIaьpг а болуш, лекхочу дегIара стаг оьрси вара. Салам луш тIеваханчу Ахьмада, куьйгаш а лоцуш, роггIана маракъевлира и шиъ, цаьрца волу нохчо а.
– ХIара Петр Егоров ву, – элира Iаьржачо. – Ткъа со Николаз Беридзе ву.
– Iаламат дика хета суна шу сайна девзина. Iелас дукха дийцина тхуна шух лаьцна. ДIа дош мосазза олу, шун цIерш йохура. Охьаховшал.
Хьешашка хьал-де а хаьттина, тIаккха Iусманна тIевирзира Ахьмад.
– ХIума йиъний кхара?
– Жимма кхетта.
– Дика ду. Дийцал, хьеший, муха хилира гIуллакх?
Хьеший, боьхна, вовшашка хьаьвсира. Цецвелира Iусман а.
– ХIумма а дац, кIентий, дохий ма хьийза. Суна хаьа шуьшиъ лаа ца веаний. Схьаала шаьш деанарг, баланаш Iийша Iемина ду тхо.
«Ахь дийцахьа», – бIаьргашца дехар деш, Петрога хьаьжира Николаз. Ткъа Петрон меттиг бацара кхечунна тIетатта.