ХIокху лаьмнашкахь керла дарц дала герга ду. Цуьнан мархаш хьийза стигалахь. Нагахь халкъ Iедална дуьхьал гIаттахь, йуьстахваьлла Iойла а дац цуьнан. ГIеттинчу халкъана шен коьрте хIитто майра, хьекъале, доьналле къонахий оьшу. Тахана Нохчийчохь уьш хиларх шек ву Iела. Иттаннаш шерашкахь лаьттинчу, xIoрш оьшуш чекхбаьллачу къизачу тIамо а, тIaьxьa паччахьан Iедало а къинхетамза хIаллак а бина, Iожалло дIа а баьхьана и къонахий. Нохчий а бац хьалхалернаш. Цхьаберш, кхерабелла, кIелсевцца, кхиболчара маршонах догдиллина, бисинарш бен доцуш хьуьйсу шайгахь латточу Iазапе. Цул совнаха, халкъана йукъабаьржина дуьненан хьолах Iедало эцна нах. Нохчийн совдегарш, эпсарш, мехкадай. Шайн долахь бIеннаш десятинаш латтанаш, эзарнаш кортош даьхни, туьканаш йолуш. Царна бала а бац Iазапехь доллучу шайн халкъаца. Шайн нохчий а бацабо цара. Уьш кийча бу муьлххачу паччахьана, муьлххачу Iедална, Иблисана а муьтIахь гIуллакх дан. Цара шайн бахамаш, хьал, даржаш лардичхьана. Цара дуьтур дац халкъ барт хила. Халкъан барт хилахь, иза, паччахьан Iедална дуьхьалдаьлла ца Iаш, шайна а дуьхьалдер дуйла хууш.
И барт бац халкъан. Муха хуьлу, дукхахболу нохчий ийманах а, оьздангаллех а боьхна хилча. Халкъ гIоттур-м ду, амма йуха а эшам хуьлуш доьрзур ду. Даим санна. ЦIий а Iанийна. Эзарнаш адамаш хIаллак а хуьлуш, эзарнаш махках а дохуш.
ХIинца хIокху дуьненахь бисина цхьа а сатийсам бац Iелин. Iусман а, цуьнан доьзал а дIатарбелла. Къен белахь а, нах санна дIатарбелла. Iелас сагатдеш цхьа xIyма дара. Седин кхоллам. Шен йоI ца хилла дела йеза хир йара цунна иза. Седа дукхайезара Iелина. XIopa дийнахь иза ша волчу йаре, иза гape сатуьйсура. Седа шен xIycaмe йеача, ша хьалха лайна баланаш бицлора цунна, хIинца шен кийра ботту баланаш дIаайалой, дог декхалора. Седа гича, цунна карлайолура къона Айза. Иза чIогIа тера йара цунах. Iелас дукха ойла йора Седин. Iелина иза дуьххьара гича, пхийтта шо дара цуьнан. Хан мел йолу дегI доккхуш, хазлуш, куьце кхуьура иза. Оьзда йара, ши куьг дашо дара. Иза цхьана оьздачу стаге, оьздачу доьзале маре нисйала лаьара Iелина. Амма Гати-Юьртахь вацара Iела резаволуш стаг. Цхьа Овхьад воцург. Овхьад хьекъале, майра, оьзда къонах ву. Дуьненан Iилма а, бусалба динан Iилма а хаьа. Дуьне, адамаш девза. Йуьртахь а, махкахь а сий ду. Къона волуш махках а ваьккхина, ткъе бархI шарахь халонаш лайна, ирсан мах хуур болуш а вара. Амма иза Седел ткъе шийтта шо воккха ву. Iелас тардолуьйтура иза. Иштта къона йоIарий шайл шовзткъа, шовзткъе итт шераш баккхийчу нахе маре а боьлхуш, ирсе бехаш меттигаш дукха йара.
Iелас и захало хьахийра Ахьмаде а, Айзе а. И шиъ резахилира. Овхьада йуьхьанца дуьхьало йира. Шен шовзткъе кхойтта, Седин ткъе цхьаъ шо ду, кхин ткъа шо даьлча, ша къанлур ву, ткъа Седа шовзткъа шаре йаьлла, дуьненах самукъадолу хан йолуш, къона зуда хир йу. ТIаккха шаьшшиъ цхьаьнадогIур дац, бохура цо. Седа резахилира. ДIадаханчу шарахь и захало дира Iелас. ХIинца Овхьадан, Седин жима кIант ву. Болат. ХIинца, ша тахана велча а, шек ца волу Iела.
ШолгIачу дийнахь, шаьшшиъ цхьаьна висча, сийсара шен хилла сацам кIанте бийцира Iелас.
Iусман воьхна хьаьвзира:
– Цигахула лела могашалла ма йац хьан, дада. Иза гена некъ ма бу.
– Могашалла-м, Дала мукъалахь, хIинца цкъа дика йу сан. Ткъа геналлех дерг аьлча, ас Сибрехара цIа вогIуш бинчу некъаца буьстича, Хонкаран дозане некъ уьттазза боца бу. Гуьмсехь цIерпошта тIехиъча, цхьана-шина дийнахь дIакхочур ву.
Ден нийат дохо а ца лаьара Iусманна. Амма массара а велларг лерина, вицвина лаьттина, ткъе берхIитта шо даьлча, Дала шайна схьавелла къена да дIахеца а ца лаьара. ХIинца вахча, иза йуха ца верзарна а кхоьрура. Къена ма ву иза. Iожалла а ма йу къоначарна а, къеначарна а тIаьхьахIоьттина лелаш…
– ХIета, хьо Iанне а ца Iахь, цхьаьний гIур ву вайша.
– Хьо ца оьшу. Суо гIyp ву со. Хьан цIера волийла дац. ЦIахь а, кхаш тIехь а шopттa болх бу.
– Хьеха ма делахь!
– ХIан-хIа, Iусман. Со-суо вахана вогIур ву. Къоначарна кхераме ду цигахула лела. ХIара синтем боцуш зама йу. Доьзалца цIахь хила веза хьо. Ткъа суна са ма гатде. Дала мукъалахь, могаш ву со. Суна оьрсийн, туркойн, Iаьрбийн меттанаш а хаьа. Гуьржашца бийца гIеххьачул церан мотт а хаьа. Гена некъ ма бац цига. Мохьмад лоьхуш ца хьелахь, цхьана баттахь цIа вогIур ву.
Цхьана йукъана йуьхь кхоьлира Iелин. Шовзткъе ворхI шо хьалха, Аьрзу а, Маккхал а, Чора а Хонкара ваха кечвелча, шен а, Аьрзун а хилла къамел карладаьккхира цунна хIинца шен а, Iусманан а хиллачу къамело. Iелина ца лаьара шен цхьаъ бен воцу ваша, ша уллохь а воцуш, гена махка вахийта. Аьрзу дуьхьал вара Iела шеца ваийта. Хьан зуда а, ши кIант а ду, хьо цIера ваьлча, керт йаьсса йуьсу, цIахь Ie, бохура цуьнга. Амма Iела ца къарвелча, мара а воьллина, цуьнан коьртах куьг хьаькхира Аьрзус. Мацах тIамо да-нана, йижарий-вежарий байъина, жима волуш шаьшшиъ цхьалха висинчу хенахь санна…
Деган цхьана кIоргехь халла хаалуш кхераман пха бетталора Iусманан. Даго диканиг ца хьоьхура. Делахь а деца къийса бакъо а йацара. Ахьмаде орца ала сацам бира цо…
2