– Политиках дерг суна кIезиг хаьа. Шуьгахь дуьненан Iилма ду, шуна дика хуур ду дан дезарг. Амма ларлуш хила. Шена стаг зен лиъча, цуьнан кара Iедал йа хьал ло Ша, аьлла Дала. Iедал шайн карадеача, оцу большевикаш хIун дер а, ца хаьа. Ткъа хIинца болчу кхетамца ахь буьйцучу новкъа нохчий бига хала хир ду. Бакъду, цхьаммо хаза хабар дийцича, Iехалой, жа санна, тIаьхьахIуьтту. Къаьсттана кхечу къомах волчу стагана. Оьрсийн а, туркойн а йукъаметтигаш галйевлча, йа тIом хила гергабахча, йа тIом болабелча, Нохчийчу баьржа туркой а, Iаьрбий а. Нохчашна йукъахь мотт-эладита, питанаш лело, нохчий оьрсашна дуьхьал гIовтто. Ткъа дерриг а хьекъал бIаьргашна а, лергашна а чохь долу нохчий царна тIаьхьахIуьтту. Царна Къуръан деша а, Iаьрбин мотт бийца а хиъчахьана, Iехало. Цара шаьш къурайшин тайпанах, пайхамаран цIийнах ду аьлча а, бакъ моьтту. Амма шайн стаг ца лору нохчаша. Иза мел хьекъале, майра, оьзда, доьналле къонах велахь а. Нийса ма аьлла имам Шемала, нохчийн шайн диканиг лакха тIевоккхуш гу а бац, зуламхо чутосуш ор а дац. Бахьана стенах доллу? Вайна йа бусалба динан а, йа дуьненан а Iилманаш цахаарх. Хаа а цалаарх.
Делкъан ламазан хан гергагIоьртича, цIеххьана дагадеара Овхьадана ша кхузахь волу кхо сахьт сов хан хилар. Соип-Молле ладегIарх кIордор дацара, амма цуьнга а садаIийта дезара. ТIехула тIе, шен балхах иза йукъах а ваьккхинера Овхьада.
– Со жима волуш, тхан дас БуритIе ишколе деша дIавеллера со, – хьалагIатта кечвелира Овхьад. – Шен хьуьжарера дIа а ваьккхина, хьайн кIант керстанийн дешар деша хIунда велла ахь бохуш, тхан деца ийгIинера йуьртара молла. Сох керста хир ву, бохура цо. Йуьртарчу бераша а ца вуьтура со, тIехбеттамаш беш. Сох керста хилла бохуш. Цкъа со охьа а виллина, сан кочахь жIара йуй а хьаьвсира уьш…