– Тамашийна амалш йу вайн, Овхьад, – шена Iаьткъинарг дуьйцура Соип-Моллас. – Бусалба дино хьарам дина нехан рицкъа а, хьакъ а, къола дина, шен дола даккхар, цунах пайдаэцар. Дуьненахь иза дIа ца такхахь, кханалерчу Къематдийнахь Далла хьалха а, оцу рицкъин дена хьалха а жоьпала хир ву бехкениг. Дала, шен бакъо йац, боху цунна иза гечдан. Мацалла леш велахь а, нехан рицкъа тIе куьг ма кховдаде, боху Дала. Иштта кIелвисинчу стагана гIo дар тIедуьллу цуьнан гергарчу нахана. Нагахь санна гергарчу нехан цунна гIo дан ницкъ бацахь, йа цуьнан гергара нах бацахь, и декхар йуьртана тIедожадо. Цхьаьнггара а гIo доцуш висахь, сагIа деха, боху. Амма къола ма де, боху, хьо мацалла леш валлахь а. Ткъа вай, нохчаша, хIун до? Къийвелларг caгIa деха ара ца волу, къола а, талораш а дан араволу. Дуьненарчу дерриг а къаьмнаша, массо а заманахь доккха эхь лору къоладар, ткъа сагIадехар эхь ца лору. ШариIaтехь, боьрша а, сте а ца къастош, ког, куьг а, кхийолу меже а йоккхуш, таIзар до къунна. Иштта таIзар дина нохчо гиний хьуна? Ца гина, гyp а вац. Цкъа-делахь, вай шариIато бoxypг деш дац, шолгIа-делахь, нохчаша йа эхь а, йа къилахь а ца лору къола дар. Нохчийн иллешкахь хестабо Теркал дехьара, салойн аренашкара даьхни а, говрийн реманаш а йалийна нах; ткъа цхьана цIийнах мацах цкъа сагIадоьхург ваьллехь, иза тIаьхьенна а тIехветта, шун хьенех сагIа доьхуш лелла бохуш. Цхьана стага зулам дан дагалаьцнийла хьайна хаахь, йа цо зулам деш хьо тIекхачахь, иза сацаве, боху бусалба дино. Нагахь санна иза сацо хьайн ницкъ ца кхачахь, Iораваккха, шариIатан кхеле дIало, цунах хьайна гинарг а, хуург а дуьйцуш, шариIатан кхелехь цIена, бакъ тоьшалла де, боху шapиIaто. Нагахь санна и зуламхо ахь къайлаваккхахь, цо динчу зуламан декъашхо хуьлу хьо Далла хьалха. Ткъа нохчаша ца до иза. Зуламхо сацо а ца гIурту, иза Iедале дIа а ца ло, и Iедало схьалаьцча, йа цо зулам динчо Iедале дIавелча, цо дина зулам гина а, хууш а волчу стага кхелехь тоьшалла ца до. Цхьаберш, иштта тоьшалла дича, эхь ду бохуш, Ia, цхьаберш оцу зуламхочун йа цуьнан нехан бекхамах кхоьруш Iа. Зуламхочух кхоьру, цунах эхь а хета вайна бакъдерг ала, ткъа и бакъдерг ала бохучу Делах эхь а ца хета, кхера а ца кхоьру вай. ТIаккха цIена бусалбанаш дуй вай? Делах тешаш а, Делах кхоьруш а волу стаг Дала гайтинчу нийсачу некъа тIера йуьстахвер вац. Цо адам дуьйр дац, нехан хьакъ а дуур дац, мотт-эладита а лелор дац, аьшпаш а буьттур бац, нахах гIийбаташ а дохур дац, адамийн барт бохош питанаш лелор дац. Нагахь санна и ас дийцинарш а, Дала бусалба стагана ца магош, хьарам дина кхин дуккха а лелош стаг велахь, иза Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, бусалба а цахиларан тоьшалла ду хьуна, иза дийнахь-буса хаддаза Далла Iамал йеш велахь а!
Соип-Моллас, шен бIаьргех доьхкина куьзганаш дIа а даьхна, гIовталан кисанара схьаэцна, кисин кIайн йовлакх хьаьжа тIе хьаькхира. Овхьадана куьзганаш доцуш тахана дуьххьара гира цуьнан бIаьргаш. Цapнa тIехулара кIайн, дуькъа цIоцкъамаш, буьрса делахь а, амма оцу хьекъалечу, догдикачу бIаьргашна чохь доза доцуш йоккха гIайгIа гира Овхьадана.
– ХIокху тIаьххьарчу хенахь къаьсттана алсамдевлла нохчаша гIалагIазкхашна къоланаш дар, – куьзганаш бIаьргаш тIе дIa а нисдина, доккха садаьккхира Соип-Моллас. – Нагахь санна керстано шайга, бусалба дин дIа а тасий, керста дине дерза, шайн хIусамаш а йитий, махкахдовла бохуш, шаьш хьийзош дацахь, керста шуьца машар безаш велахь, цуьнца машаре даха, боху Дала. Вайга, бусалба дин дIа а тасий, керста дине дерза а, бусалба дин ма леладе а ца боху оьрсаша, вайн дин сийсаздеш а бац уьш, вайга хIокху махкара довла а, ца боху цара. ХIета, царна зуламаш ма дайша, цаьрца дов а ца лоьхуш, машаре дахийша шайга аьлча, наха хIун олу, хаьий хьуна?
– Дера, хаьа. И оьрсий вайн мостагIий бу, вайгара дIабаьккхинчу махка тIехь бехаш бу, церан Iедало вай лолле доьхкина, вай Iазапехь дахкош ду, вайгарчу къеллина, мацаллина уьш бехке бу, царна къоланаш деш, талораш деш ца даьккхича, тхан доьзалшна рицкъа дац, оха царах оьцург бакъонца бекхам бу, олу-кх.