Пенах кхозучу доккхачу сахьте бIаьрг туьйхира Алексей Павловича. Исс сахьт долуш хан йара. ЦIа гена ваха ца дезахь а, дорце аравала сагатдора цо.
4
Арахь дарц жимма а лагIделла хиларе дог даьхна, коре а вахана, арахьаьжира Липранди. Iаьржа бода боцург, гуш хIумма а дацара. Амма чехкачу махо дегадора тIе лайн шатI хьахабелла коран ангалеш. Тховх хьалакхаччалц пенаца шкафаш чу хIиттийнчу безчу механ книгашка хьежа хIоьттира иза, хIусамден къамеле ла а доьгIуш.
– Тахана хIоьттинчу хьолах кхета вешан къоман дIадахнарг хаа а, цуьнан ойла йан а дезара вай. Делахь а вайна ца лаьа и хаа а, цуьнан ойла йан а. Сутаралла, къизалла йу вайгахь. Вайн пачхьалкхан йерриг а истори тIoм бу. ГIорасизчаьрца ваьш тIoм бо вай, нуьцкъалчаьрца – кхечу пачхьалкхийн союза йукъа а кхетий. ГIорасизчу халкъийн мехкаш дIалецна вай, цигара халкъаш вешан олаллина кIел дерзийна. Малхбузехьара, малхбалехьара, къилбехьара. Вешан гергара а, генара а лулахой. Цхьаболчара кIезиг дуьхьало йира, дукхахберш цхьа топ кхоьссина а, дуьхьало ца йеш, вайн олаллина кIел баьхкира. Амма нохчий вешан олаллина кIел бало гIерташ, цаьрца бIе шарахь гергга тIом бан дийзира. Нохчийчохь хIаллакьхиллачу оьрсийн салтийн хьесап далур дац. Уш бIе эзарнаш бу. Ткъа нохчий хIинца а, къарбелла, кIел ца севцца. Совца дагахь а бац. ХIокху тIаьхьарчу шийтта шарахь Зеламха ву оцу халкъан коьртехь. Даррехь вайн пpaвительcтвox воьлу иза. Цо ца деш хIун дисина? Дийнан делкъехь гIали чу а вогIий, гражданаш, банкаш, кассаш талайо. Маьрша дIасалела оьрсийн бахархой ца буьту. Губернаторна йийсаре вига кхерамаш туьйсу. Вайн эскарша гонна йукъахьовзийча, йукъара а волий, дIавоьду. Администрацин начальникаш бойу. Хьолахой йийсаре буьгу. Кхо де хьалха атамане Вербицкийга хаам бой, ГIизлара чу а вогIий, банк талайо. Зеламха разбойник ву, олу. ХIан-xIa, иза разбойник вац! Иза нохчо, нохчийн халкъан, Нохчийчоьнан имам ву! Цхьа а тайпа шеко йац вай зикризм олучу Нохчийчуьрчу уггар доккхачу вирдан коьртехь Зеламха хиларан!
– 1864-чу шарахь Кунта-Хьаьжа, лаьцна, ссылке вахийтича а, дIа ца тийнера цуьнан секта?
– Цхьана ханна. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь шен болх жигарабаьккхина цо. Къаьсттана Зеламха халкъан коьрте хIоьттичхьана. Оцу сектан масех шайх, лаьцна, ссылке вахийтина бохуш, хезна суна…
– Царах коьртаниг, Баматгери-Хьаьжа, Калугехь дIакхелхина. Цуьнан кIенташа а, гергарчу наха а, дIа а ваьхьана, даймахкахь дIавоьллина иза.
– И ца хезна суна.
– Кхин хаьий хьуна? Минусинскехь ссылкехь болу Зеламхин доьзал а, маршабаьккхина, даймахка цIа берзийна.
– ХIунда? Пхеа шарна ца бахийтинера иза ссылке?
– Хан гечйина. Шина шарна тIе охьайалийна. Пачхьалкхан Думера масех депутат а, юстицин министр а орцахбевллера. Зударий, бераш бехке дац Зеламхин зуламашна бохуш.
– Эрна дина гIуллакх ду иза. Шен доьзал ссылкехь болуш, жимма йухаваьллера Зеламха. Оцу шина шарахь хIара ду ала доккха зулам ца даьллера цуьнгара. Инженерийн комиссина тIелатар динчул тIаьхьа дIатийнера. Зикристаш меттахбевлла, боху. Балканашкарчу вайн вежарийн-славянийн туркошца тIом болабелча. Иза дуьххьара дац. Хонкаран, Россин йукъаметтигаш ийгIича, тIом хила гергабахча, йа тIом болабелча, нохчашна йуккъехь шайн пропаганда жигарайоккху туркоша. Макка боьлхуш а, цIа богIуш а Хонкарахула чекхбовлу нохчий. Коьртачу декъана цаьрца болх бо туркоша, царал совнаха, Нохчийчу шайн эмиссараш бохкуьйту. Ахь тидам биний, оьрсийн-туркойн тIом мосазза хуьлу, нохчий гIовтту? Ламанан кхидолу халкъаш ца гIовтту, нохчий гIовтту. Кхетамна тIаьхьабисина нохчий, шайга хаза хабар дийцича, атта теша, Iехало. Йуха а боху ас, Зеламха разбойник вац. Иза разбойник вара шийтта шо хьалха. ХIетахь цо оьрсий, нохчий талабора, бойура. Лаьцна, набахти воьллича, цигара ведира иза. Цул тIаьхьа нохчий ца хьабора цо. Амма оцу махкарчу гауршна ницкъ бора. ХIинца иза нохчийн имам ву. Цундела ша динчу зуламашна цхьа а тайпа таIзар доцуш, маьрша лела. Иза ларвеш ши бIе шовзткъе итт эзар нохчо ву. Оьрсий, шен халкъан мостагIий талабо цо. Къинхетамза хIаллакбо шайн халкъах бевлла йамартхой. Цуьнан дIаьндаргана кIелхьара ца бовлу уьш, гIуллакхера а, оцу махкара а дIабевлча а. Изза до цо оьрсашна а. Цо вен кхел йинарг вала веза, иза миччахь велахь а. Вайн салташца къинхетаме ву Зеламха. Цунна хаьа уьш шайн лаамехь Нохчийчу богIуш цахилар. Ткъа хьаькамаш а, йолахой а къинхетамза бойу. Зеламха дIатийна, наб кхетча санна, aммa вaй, оьрсий, нохчийн фанатизм марсайаьллачу, туркойн йатаганаш кIел вайн вежарийн-славянийн цIий Iеначу муьрехь наб кхетта Iахка ца деза. Нагахь санна 1877–1878-гIий шераш нохчаша карладаха ца лаахь.