Цаьршиннан доттагIалла кхолладелира, и шиъ Петарбухан университетан юридически факультетан хьалхарчу курсан студент волуш. Университет чекхйаьккхича, Кавказехь гIуллакхдан хьажийра и шиъ. Наместникан администрацехь итт шарахь гIуллакх динчул тIаьхьа цхьаьний Петарбухе йухавирзира. Липранди правительствон къайлахчу кхоалгIачу отделе чиновник вахара, ткъа Ковалевский – университетан юрфакан хьехархо. ХIинца Липранди оцу отделан начальник ву, Ковалевский – университетан профессор.
Цаьршинна дика йевза Кавказ. Цигахь болх беш а, тIаьхьа мосазза а цига воьдуш, талламаш беш а йевзина. ХIокху шарахь шиннан а Iилманан-талламан белхаш арабевлла зорбанехь. Липрандин – «Кавказ а, Росси а», Ковалевскийн – «1877–1878-чуй шерашкахь Нохчийчохь а, ДегIастанахь а хилла гIаттам». Ковалевскийна Кавказан шира истори йевзара дика, ткъа правительствон къайлахчу отделан коьртехь волчу Липрандина тахана цигахь хIоьттина хьал дика девзара. Доцца аьлча, цаьршиннан къамел цхьаьнадогIура.
– Ши бIе шо кхаьчна, Закавказье вайн дола йаьлла, – бохура Липрандис. – Шовзткъе итт шо сов хан йу цигара ламанан халкъаш вай къардина а. Нийсса аьлча, оьрсийн цIийца Англин, Персин, Хонкаран мIарашна йукъара схьайаьккхина вай Кавказ. Безчу мехах эцна вай иза. Амма тахана а цигахь российски пачхьалкхан Iедал дац. Масала, Закавказье схьалоцур вай. Цигахь оьрсийн бахархой, банне а бац ала мегар долуш, кIезиг бу. Революци хиллалц бIе шовзткъе итт эзар оьрси вара цигахь туземни бахархошна йукъахь Iаш. ХIинца бIе ткъе итт эзар бен вац. Цхьаберш туземцаша байъина, кхиберш, царах шайн синош довдийна, Россе йухабирзина. Тамашийна хIума дай xIapa-м. Муьлххачу пачхьалкхе ваха а, шена лаахь, цхьана ханна йа гуттаренна а цигахь вехаш Iен а бакъо йу оьрсичун. Амма оьрсийн пачхьалкха чохь, оьрсийн пачхьалкхан Iедална кIел йолчу Закавказье оьрсашна некъ бихкина туземцаша. Цара, лечкъа а ца деш, даррехь схьадуьйцу шайна оьрсий цабезар. Къаьсттана эрмалоша. Хьалха Россехь бехачу а, шайн махкахь оьрсийн паччахьана гIуллакхдечу а эрмалоша шайн фамилеш, цIерш оьрсийчарах тарйинера. Масала, Микоянца – Меликов, Аванесяна – Аванесов, и. дI. кх. а. Фамилиийн чаккхенаш «янц» а, «ян» а, «ов», «ев» бохуш хийцинера. Ткъа хIинца хьалха шаьш оьрсийчарах тарйина и фамилеш а, цIерш а эрмалойх меттахIитто боьлла. Каталикоса Макарияс, Эрмалойчохь-м хьовха, Россехь бехачу эрмалошна а вовшашка оьрсийн мотт бийцар дихкина. Шайн эрмалойн къам шира къам ду, оьрсий цIоканийн духар а дуьйхина, хьаннашкахь акха баьхначу заманахь эрмалойн шайн пачхьалкх, йоза-дешар, истори, лаккхара культура хилла бохуш, дозалла до цара. ХIинца цхьа политически йукъаралла кхоллайелла цигахь, «Къона Эрмалойчоь» цIе йолуш. Россех дIа а къаьстина, цхьаннах йозуш йоцу эрмалойн пачхьалкх кхолла Iалашо йу оцу партин. Хонкарара бевдда баьхкина эрмалой а шайн махкахь дIатарбо. Нагахь санна и зуламе идея зIийдиг хьалайалале хIаллак ца йахь, эрмалойн ун даьржар ду имперехь. Кхана «Къона Гуьржийчоь», «Къона Чуваши», «Къона Мордва», «Къона Якути», «Къона Юкагири», кхин а, кхин а политически йукъараллаш кхоллалур йу. Царах ун дер ду кхечу къаьмнашна а. ТIаккха Россин импери, дакъош хилла, йухур йу. Меттигерчу къаьмнаша шайн мехкашкара оьрсий дIалохкур бу. Цуьнан ойла ца йо таханлерчу оьрсийн Iедало!
– Кавказехь вайн Iедал тIех кIеда дуй-те, моьтту суна, Алексей Павлович.
– ЧIогIа а, кIеда а – дан а дац. Цигарчу вайн Iедалан коьртехь волу наместник номинальни оьрси ву. Иза дуьххьалдIа кирхьа ду туземцашна. Цунна тIехьа а левчкъина, шайна луъург до цара. Закавказьехь массанхьа а Iедалера дIабохуш бу оьрсий. Масала, муьлш бу цигахь наместникан гIоьнчий? Петерсон, Мицкевич, Борман, Венденбаум, Баккел, Тизенгаузен, Бауэр, фон-Парнау, Фольбаум, Рудольф, Колберг, Штернберг, Кийкер, и. дI. кх. а. Цхьа а оьрси вац! Доцца аьлча, лахара Iедал революцин дIовш цIийх а, тIамарх а доьллачу туземцийн карахь ду, ткъа лакхара Iедал – немцойн, полякийн, православни жуьгтийн карахь ду.
Жимма коньяк эдеш, кофе тойира Петр Ивановича. Шен хьешо тIаьххьара аьллачу дешнаша дагахь велар эккхийтира цуьнан. ХIара шиъ шаьш а ма вац оьрси. Липранди грекех схьаваьлла, ткъа Ковалевский – полякех. Шиннан а дайша фамилеш ца хийцина, амма цIерш хийцина. ХIокху шиммо а лелайо оьрсийн цIерш. ХIетте а хIокхуьнан хьаша Кавказан урхаллехь болчу немцошний, полякашний, жуьгташний лоь.