Амма хIокху хийрачу махкахь хIокхеран доьзалан уггар гергара адам хилла дIахIоьттинера шолгIачу гIат тIехь, цхьана цIа чохь йехаш йолу оьрсийн къона йоI Валентина Михайловна Карташова. Иза ша Петарбухера йара, интеллигентийн доьзалехь йина, кхиъна. Да университетехь профессор вара, нана – лор. Университетехь истори факультетехь шолгIачу курсехь доьшуш йолуш, большевикийн Iаткъамна кIел йахара Валентина. Цо студенташна йукъахь болх бора, Марксан, Энгельсан, Ленинан, Плехановн Iилманан белхаш а, большевикийн кхайкхамаш а баржош. Цхьаьннан маттаца университетера дIайаьккхира иза. Пхи шо хьалха хиллачу революцехь жигара дакъалецира цо, тIаьхьа, большевикийн партин могIаршка а хIоьттина, ша хьалха доьшуш хиллачу университетехь студентех партин къайлах ячейка вовшахтуьйхира цо. Йуха а цхьаьннан маттаца, цуьнан xIycaмepa революцин литература а йоккхуш, лаьцна, кхуза ссылке йаийтира.
Валентина Михайловнин ткъе йалх шо дара. Боьмаша месаш, жугIара бIаьргаш, дуькъа, деха цIоцкъамаш, нийса мара, севсина цIен балдаш, беснешна йуккъехь а, чIенга тIехь а кIаьгнаш долуш, озо ала мегаш, йуккъерчу дегIахь, кIайчу чкъурахь, чIогIа безамехь йоI йара иза. Партал, кIедачу озаца цо хабар дуьйцуш, ца кIордош ладегIа дог догIура.
Валентинас хIокхарна дуьйцура газеташа Зеламхех лаьцна йаздийриг. Цкъа цхьана дийнахь Муслимате, Энисте элира цо:
– Шуьшинна гIеххьачул оьрсийн мотт хаьа. Жимма вай къахьегча, иза шарлур бу шуьшинна. Делахь а йоза-дешар Iaмo деза ашшиммо. ТIаккха шаьш доьшур ду аш газеташ.
Ши йоI ца тешара шаьшшинна йоза-дешар Iемap ду бохучух. ХIокху доьзалехь Муслиматах – Бедаг, Энистах – Эни олура. Ткъа Валентинас и ши цIе шатайпа йоккхура.
– Бадик! Аниска! Сох ца теша шуьшиъ? Кхузахь хала хIумма а ма дац! Пхи-йалх шо долу берашна Iема кхаа баттахь. Ткъа шуьшиъ хьекъал долуш, йоккха ши йоI йу. Тахханехь болх дIаболор бу вай. Мохьмад а, Лом-Iела а Iaмop ву шуьшинца цхьаьна.
Оцу дийннахь меттигерчу ишколе а йахана, цхьа азбука, масех тетрадь, къоламаш, кира деара Валентинас. ШолгIачу дийнахь Николай Трофимовича жима у кечдира, тIе Iаьржа басар а хьаькхна.
Валентинас ма-аллара, кхаа баттахь йоза-дешар Iемира деа берана. Делахь а кхиамаш цхьатера бацара церан. Энистан кхиамаш алсам бара. Мохьмада а, Лом-Iелас а мало йора, йа вуьшта аьлча, царна ловза лаьара. Делахь а йоза йаздан а, газет доьшуш цхьа таро йан а Iеминера и шиъ. Ткъа Муслиматна а, Энистана а шо далале шерра деша а, хаза йоза йаздан а Ieмиpa.
Шен дукхахйолу хан хIокхеран доьзалехь йоккхура Валентинас. Берашца къамел деш, цара оьрсийн дош нийса ца аьлча, нисбеш, книга йоьшуьйтуш, йоза йаздойтуш. БецигIарна иза шайн доьзалхо санна хетара. Валентина шайца йолуш, царна бицлора шайгара бала. Амма шо даьлча, вовшахкъастийра уьш. Минусинскерчу Iедална хиира Валентина разбойникан Зеламхин доьзалца болх беш хилар. Иза, кхузара дIа а йаьккхина, Минусинске йигира.
Дийнахь хIорш болчу вoгIypa Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а. ХIокхарна хIун оьшу а хьожий, дечиг а доккхий, кхин кега-мерса гIуллакхаш а дой, дIавоьдура. Ткъа буьйсанна шайн гIайгIанашца шаьш буьсура хIорш. Кхузахь шо даьккхинехь а, бахархой шайца мел дика белахь а, цхьаьнггера а шайна кхерам бацахь а, буса, гIyй буллий, неI дIакъовлура цара.
Цхьана буса хIорш бийшина Iохкуш, цхьаммо меллаша неI туьйхира. Беци, Зезаг, ши йоI сема йара, амма уьш ца баьхьара гIуй дIабаккха. Мосазза а неI тоьхча, гIеттина, неIаре йахара Энист:
– Мила ву неI йеттарг?
– Со йу… – халла къаьсташ, шабарца вистхилира неI йеттарг.
Цуьнан аз тамашийна дара, иза зуда йу, боьрша стаг ву ца къасталуш. ХIетте а и аз зудчун озах тера хийтира Энистана.
– Оха буса неI ца йоьллу! – аз айдира Эниста.
– Бадик! Аниска!
– Хьо мила йу?
– Валя йу со… Сихха неI дIайеллахьа, Аниска…
Шеко йацара, и аз Валентинин хиларан. Эниста, гIуй дIа а баьккхина, неI йиллира. Амма сихха иза дохкойелира ша динчунна. Цунна хьалха лаьттара коьртахь лергаш долу боккха куй болуш, хьаьрса маж йолуш, боьрша стаг. Энистан мохь белира. Иза кхерайеллий хиъча, цхьана куьйга коьртара куй, вукху куьйга маж дIайаьккхира Валентинас.
– Сан хьоменаш! Аниска! Бадик! Беци! Зезаг! – массеран цIерш йохура цо, царна мара а йетталуш, барташ дохуш.
Цхьа хан йалийтира цара иштта, къамеле ца бовлуш. Царах шен дог а Iабийна, ша сени чохь дитина гали чудеара Валентинас.
– Ши куьг ластийна цайархьама, сайн аьттоне хьаьжжина, цхьацца кега-мерса совгIаташ деана ас. Дас-нанас баттахь цкъа доуьйтучу ахчанах хене йолуш ма йу со а, – гали схьа а даьстина, совгIаташ маьнги тIе охьадахка йуьйлира иза. – XIapa пальто Бецина а, Зезагана а йу. PoггIана лелор ашшиммо. Валенкаш а, шляпкаш а Бадикна, Анискина йеана ас. Мохьмадна, Лом-Iелина куйнаш, валенкаш йу. И шиъ Iай даим арахь, шелонехь ма хуьлу. Салазаш хоьхкуш, кхечу ловзарех ловзуш. Iумар-Iелина, Ахмедикна кемпеташ, пряникаш. Чай а, шекар а – массарна а йукъара.
Бецига пальто тIейухийтира Валентинас. Ткъа шина йоIана коьрта шляпаш техкира.
– Ма хаза товш а йу! – маракъуьйлура цо ши йоI. – Тфу! БIаьрг ма хила шуна, мел хаза йу шуьшиъ!