Зезаг кхача кечбан тохайелира, амма Валентинас сацийра иза:
– Сан Iойла дац, Зезаг! Сихха дIайаха деза сан.
– И хIун ду? Дера, гIyp йац, буьйса а ца йоккхуш-м! Оццул генара схьа а йеана, буьйса ца йоккхуш, дIа муха йоьду? TIe, буьйса йуккъе а ма йахана.
– Сатасале Минусинскехь хила йеза со.
– И хIун ду?
– Жандармерера бакъо йоцуш, гIалара арайалар дихкина суна. Ткъа ас йехча, цара иза лур а йацара. Лечкъина йеана со. Ца гора шуна суна тIера божарийн духар?
– Тхо-м цецдевллера хьох. Ахь лелийнарг забар йу, моьттура.
– ХIан-хIа. Жандармаш, полицейскийш тIекхаьчча, царна со ца йовзийта динера ас иза. ТIекхаьчча, йухайерзор йара. Иза дина ца Iен а мегара. Набахти чу кхосса а тарлора.
– Ой, хьо муха гIyp йу буьйсанна йуккъехь?
– Арахь соьга хьоьжуш лаьтташ извозчик ву говрийн салазца.
– Довхха чай мукъа мала новкъа йалале.
– Чай мала мегар ду. Кхин хIумма а вовшахйетта пурба дац шуна.
Сихха цхьа стака чай а мелла, массарна мара а кхетта, барташ баьхна, шен маж йуьхьа тIе а йоьллина, коьрта куй тиллина, тIе кетар йуьйхира цо.
– Валя, Дала сагIадойла хьан ахь тхуна деана совгIаташ. Хьо могаш-маьрша сихха хьайн дена-нанна тIе цIа йерзийта, – элира Бецис, иза тIаьххьара мара а къевлина.
– Суна лиъначуьнга хьаьжча, ма кIезиг совгIаташ ду уьш, Беци.
ТIаьххьара минот хало хилира Валентинина. Охьахьалха шен бIаьргаш чу гулделла хиш царна ца гайта, сихха араелира иза…
Валентина новкъа а йаьккхина, цIа чу дирзича, леррина шайн совгIаташка хьаьвсира уьш. ТIаккха, буьйса йаьллехь а, Мохьмад а, Iyмap-Iела а гIаттийна, чай мала охьахевшира.
– Тамашийна ду адамаш, – элира Бецис, шаьш йуха охьадийша кечлуш.
– ХIунда боху ахь? – хаьттира Зезага.
– ХIара оьрсий вешан мостагIий лору вай. Вешан бохамашна уьш берриг бехкебо. Къаьсттана – гIалагIазкхий. Вай йийсаре леццалц суна а моьттура. Ткъа хIорш дукхахберш дика адамаш хилла. ДогцIена, къинхетаме, комаьрша. Вай лецна БуритIа дуьгуш, Сипсу-гIалахула чекхдовлуш, гIалагIазкхийн зударша, вайна ха дечу дегIастанхойн дошлойн бертаза, вай тIехь долчу гIудалкха чу вайна бепигаш, булочкаш, нехча, стоьмаш кхуьйсура. Цхьаберш, вайга а хьуьйсуш, боьлхура. ХIинца кхузахь а массо aгIop вайна гIo дан, вайн дог эца гIерта. И Валя гой хьуна? Iедалера шена кхерам боллушехь, буса, генара, вай ган схьайеана…
– Оьрсий цхьатера ма бац, Беци. Нохчий а бац цхьатера. Вайна йукъахь а, оьрсашна йукъахь а бу къинхетаменаш, къизанаш. Комаьршанаш, сутарнаш. Оьзданаш, боьханаш. Дала иштта кхоьллина-кх адамаш. Iедал ду къизаниг, адамийн барт хила цабуьтург. Цхьа а халкъ дац вон. XIopa халкъана йукъахь вон адамаш ду…
5
Нохчаша шайн гIайгIанечу иллешкахь йийцина «Сийна Сибре» шен йерриг а халонашца, баланашца ловра Бецис а, Зезага а, йалх беро а. Мацалла ца хIуттура цаьрга. Iедало лучу рицкъанах тешна хилча-м, мацалла белла хир бара уьш. Йуьртарчу бахархоша кхачанан сурсаташ латтадора царна оьшучул а тIех. Дама, картолаш, копасташ, шура, даьтта, нехча, кхиерш а. Бахархоша шайна дохьу жижиг йуьхьанца ца дуура цара. Керстанаша дийначу бежанан жижиг жерга хетара. Амма хенан йохалла иза даа а дийзира. Шело а ловра цара. Цунах боьллера уьш. TIe, Аркадий Петровича дечиг латтадора царна. Херхаца доцца хедадой, этIадой, тIекIел дуьллура. Бахархоша, къаьсттана Валентина Михайловнас, царна массарна а Iаьнан духар а латтадора. Шайн ницкъ ма-кхоччу хIокхеран дог эца, садекъа, самукъадаккха гIертара кхузара адамаш.
Даа мерзаниг, тIедуха-когадуха диканиг, йовха хIусам хиларх тоам ца хуьлу стагана, нагахь санна цуьнан кийрахь цхьа бала, сингаттам хилча. Иза дIа ца баккхало дуьненан хьоле. Ткъа оцу бархI адаман кийрахь сингаттам бара, кIуркIамане санна, даим дIа хьийзаш, и кийра чахчош, боттуш. Кхузара адамаш, церан мотт, амалш, гIиллакхаш, Iалам хийра дара церан дегнашна. ШолгIа шо дара царна нохчо ганза, даймахкара хабар хазаза. Ца хаьара, Зеламхех а, Бийсолтех а, шайн йиша-вешех а хIун хилла. Ойланаш йора, уьш байъина-те, лецна набахтехь бу-те, хIокху пана Сибрехь, хIорш санна, халонаш, баланаш ловш, даймахке сатуьйсуш, бIарзбелла лелаш бу-те, бохуш. Йа хIокхеран йарташ йагийна, гергарнаш а, йуьртахой а доьзалшца цхьаьна махкахбаьхна, цхьана пана махкахь вовшех а къастийна, баржийна-те, бохуш. Ткъа буьйсанна набарш кхетча, тайп-тайпана гIенаш гора царна. Цхьа наггахь – хаза гIeнaш. Даймохк, дагна гергарнаш. Иштта хаза гIан гуш, шаьш самадевлча, вас хуьлура царна. Дукхахьолахь вон гIенаш гора. Шайн белларш, салтий, йохийна а, йагийна а хIусамаш, эрчадаьхна декъий, кхин а, кхин а. ТIаккха дегIе хьацар детташ, узарш деш, маьхьарца самабовлура. Иштта гIан гича, кхин тIе а алсамболура цаьргара бала.
Стигалахь гулйелла догIанан мархаш йа дуькъа дохк даржош, гучуболучу малхах тера хIокхарна хилла Валентина дIайахча, кхин тIе а базбелира царна и бала. Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а вогIура дийнахь. ХIокхарна хIун оьшу а хьовсий, цхьацца кега-мерса гIуллакхаш а дой, дIавоьдура и шиъ. Наггахь лулара зударий а, хIокхаьрца буьйса а йацйой, дIабоьлхура. Ткъа хIорш шайн гIайгIанашца цхьаьна буьсура.