– И ахь дуьйцург суна дуьххьара мичахь хезна, хаьий хьуна? Сибрехь волуш, цхьана оьрсичуьнгара. ТIаккха Шуьйта-гIопехь шина салтичо а дийцира изза. Цхьаъ лор вара. Махсум. Инзаре дика ши стаг вара и ши салти. Къайлах тIеоьхуш, сан шина накъостан чевнаш йерзийра Махсума. Оццул ас дехарш дарах, мах а ца баьккхира.
– ХIинца вуй и шиъ Шуьйтахь?
– Аликсе, лаьцна, Сибрех вахийтира. Махсум вайн махкара дIаваьккхира.
– ХIета, хьуна-м мелла а хууш хилла Россехь хIоьттина хьал. Хетарехь, Россехь керла дарц дала герга ду. Паччахьна а, цуьнан Iедална а дуьхьал герзаца гIовттур ду халкъаш. Церан могIарехь хила деза вай. Мацахлера вайга керстанашна дуьхьал гIазоте кхойкху зама йац хIара. ХIинца кхета доьлла бусалба а, керста а къаьмнаш. Цapна хиъна шайн мостагI мила ву а, доттагI мила ву а. Оьрсашна, гуьржашна, кхечу керста къаьмнашна дуьхьал ойур дац вай вешан герз. Ткъа цаьрца цхьаьна, церан а, вешан а йукъарчу мостагIчунна – паччахьна, цуьнан Iедална – дуьхьал ойур ду. Церан а, вешан а маршонан дуьхьа. Оцу муьрехь шен халкъана нийса некъ гайта даккхий хьекъалш долуш, майра, оьзда, доьналле къонахий хила беза, Зеламха. Шен халкъан кхолламан бала болуш, цунах дог лозуш, халкъ а тешаш, халкъо сий а деш болу нах. Хьан сий ду, Нохчийчохь-м хьовха, ДегIастанахь, Гуьржийчохь, ХIирийчохь. Хьо а, хьо санна болу къонахий а кестта оьшур бу вайн халкъана.
Меданас доггаха хьалха биллина кхача а биъна, шаьш паргIатдевлча, хьеше гIуллакх-болх хаьттира Iелас.
– Делахьа, Iела, хьо ган лаар бен, кхин гIуллакх долуш а ца веана со-м. Наха хьо вуьйцу хезча, ган сатесира ас. Дуьне девзина, халонаш лайна, баланаш Iийшина, замано хьекъал делла стаг ву, олу хьуна наха. Хьоьгара хьехар а оьшура суна. Хьо ган а лаьара. Мел дийцича а, Шемалан бIаьхойх нах кIезиг бисина хIинца. Ахь бехк ма билла, Iела, кхечу гIайгIа-баланашна хIокху тIаьхьарчу хенахь доьзалан бала а тIекхетта суна. Доьзалан ойла йечуьра-м цкъа а ца ваьллера со хIокху цхьайтта шарахь. Иза хIокху махкахь болуш а. Хьуна хезна хила мега, стохка Сибрех бахийтина иза.
– Хезна суна. Боккха буй хьан доьзал?
– Сан хIусамнана а, пхи бер а ду. Вешех Солтамурдах йисина Зезаг а, цуьнан кIант а. Ши зуда а, йалх бер а. Ойла йехьа, Iела, генахь, пана махкахь, боьршачу нахана а халчу Сибрехь – йалх бераца ши зуда. Оьрсийн мотт а, йоза-дешар а ца хууш.
– Кехат догIий цаьргара?
– Шозза деана. Ах шо ду ца догIу.
– Мичахь бу уьш?
– Минусинск олучу меттехь. Муха мохк бу-те иза? Хьо хиллий цигахь? ЦхьакIеззигчу хенахь Сибрехь хилла со. Амма и Минусинск йуьйцу ца хезна суна.
– Со а ца хилла Минусинскехь. Цунна малхбалехьа, Нерчинскехь, йаьккхина ас сайн дукхахйолу хан. Оцу шинна йуккъехь, герггарчу хьесапехь, кхузара дIа, Хонкара санна, некъ хир бу. ТIаьххьара деаначу кехато хIyн бохура?
– Йоккхахчу йоIа йаздинера иза. Шаьш могаш а ду, цигара оьрсий чIогIа дика а бу шайца бохуш. Сох лаьцна газеташа йаздинарг доьшу, бохура, цигарчу оьрсаша. Цара шайн цIа хьошалгIа а кхойкхуш, сох лаьцна хабарш дуьйцуьйту, боху. Цхьана меташкано шайна оьрсийн йоза-дешар Iамийна, боху. Массарна а гIеххьачул оьрсийн мотт а Iемина шайна, боху.
– ХIаъа, вайна чIогIа оьшу оьрсийн мотт а, йоза-дешар хаар а. Иза ца хуу стаг хьайбанах тарло, вайн махкара араваьлча. Ткъа Iедало вайн бераш Iамо ишколаш ца йоьллу йарташкахь. Дуьненан Iилманна тIе ца кхочуьйту нохчий. Бодане стаг Iехо атта ма ду. Зуламе гIуллакх серлонгахь ца дало. Амма кIез-кIезиг вайна йукъара а буьйлу дуьненан Iилма Iамийна нах. Бакъду, уьш цхьаберш Iедало ша Iамабо. Ишттанаш, Iедалехьа а бовлий, вайн халкъана коьшкала ховшу. Даим хир дац иштта. МостагIийн карахь делахь а, Iилманах пайда хилаза дуьсур дац халкъ. Вайн халкъана дуьненан Iилма оьшу. Iедале, хьолахошка ша ца Iехадайта. Цара шена тоьхначу буржалех маршадала. Вайна бусалба динан Iилма а оьшу, садоIу хIаваъ санна. И Iилма кIорггера цахаар бахьана долуш, шариIатана йуьстахдуьйлу вай. Дала хьанал динарг а, хьарам динарг а къасто ца хаьа. И ши Iилма халкъана хаахьара, хIapa таханлера зуламаш а, бохамаш а хир бацара вайн махкахь.
Дуьйцурш ца кхачош, пхьуьйра-ламаз тIехтилийтира цаьршимма. Буьйса йуккъе йахча, ламазана хIоьттира.