– Йуьртахошна тIаьхьа гIуo, Дакаш, – хеза Дакашна Маликин эсала аз. – Цига ваханчу хIораннан а цIахь доьзалш, безарш бисина. Хьо хIинццалц хилла Дакаш хила лаьа суна даим а. ДIагIо, Дакаш, баьлла бехк боцуш вай хьийзочу Делан мостагIех бекхам иэца!
– ХIай-хIай, иштта нускал ма ду суна дезарг! – боху къоначу майрачо, шен нускал мара а къовлуш. – Малика, хьайн кIайчу куьйгашца схьакховдадехьа соьга сан шийла герзаш.
Маликас, пенах кхозучуьра схьа а оьций, дIакховдадо Дакашан герзаш. Уьш йукъах къовлий, къоначу нускална барт лой, шен сирчу дина а волий, иза маьждиган майдана хоьцу Дакаша. Кхузахь бу цуьнан денвежарий, нийсарой, кхузахь бу цо сий деш лера беза йуьртан тхьамданаш. БIаьрг бузий, Дакаше хьожу цIарна а цIейахана майра Iаба.
– Йуьртан тхьамданаш, шун сий Дала ма дойъийла, иэхьах-бехках шу Дала лардойла, – боху Дакаша, динара а воьссина, йуьртан тхьамданашна тIе а вахана. – Кху доьхначу дийнахь зударшний, берашний йуккъехь йуьрта а хиъна со Iалур вац…
– Вало, Дакаш, вало тхоьца, – боху цуьнга къеначу Iабас. – ГIиллакхех ловзу де дац таханлерниг. ХIан-хIаний, кIентий, везачу Дала гIo дойла-кх вайна!
Шен хьаргIачу динан чож дагош, шед туху Iабас. Амма Дакашан сира дин хьалха бу. Цкъа-шозза шед тухий, тIаккха басех охьа Яьссин тогIи чу хоьцу цо иза. Яьсси чу а ца тосуш, цунна тиллинчу готтачу тIай тIехула дехьаоьккхуьйту сира дин. ДоттагIчунна тIаьхьакхиа гIерташ, шен расха дин къинхетамза лоьллу Василийс. Ах сахьт далале Аьккхийн дукъа кхочу уьш. Кхузахь дений, кIантаний вовшийн го.
– Бакъ дац, дада, хьуна моьттург! Буьгур бац ахь и гаураш тахана лома! – маьхьарца баттара тур а доккхий, мостагIашна йукъа дин хоьцу Дакаша.
…Суьйранна, шен керлачу хIусаме а деана, цIенкъа йуккъе охьадиллира шелделла Дакашан элдара дегI. Къинхетам боцчу тоьпан дIаьндарго бен бинера цуьнан майрачу дага йуккъехь.
Ткъа къона Малика, зуда хила а кхиале, жоьра йисира оцу дийнахь…
…Шераш дIаоьхура. Нохчмахка сийначу цIарах йагош хьалаваханчу инарло эло Барятинскийс Гунибехь йийсаре вигира Шемал.
Оцу тIамо Дакашна тIаьххье дIаваьхьира Iосин ши ваша. Йагийначу йартех туьйсу кIур сацале тIедеара паччахьан Iедал а. Шена тIетовжа гIортор йуьрта йеанийла хиъна, Iоса Гати-Юьрта вирзира. ХIетахь дуьйна кхузахь йуьртда вара иза.
Амма, паччахьан инарлашна а, Iосина а ма-моьтту, Шемал йийсаре вахарх чекх ца белира тIом. Гунибехь паччахьан эскарийн гуо а хадийна Нохчмахка вирзинчу бенойн БойсагIара керла гIаттам болийра. Йуха а татолашца Iена дуьйлира цIий. Амма оцу тIамехь герз кара ца ийцира Iосас. Шен берриг а ницкъ Гати-Юьртахь паччахьан Iедал чIагIдарна тIеберзийна, сецира иза.
Цхьанне а ца хаьара, цуьнан къиза дог цIийх Iабийнарг хIун ду. ТIамо вийначу шина вашас а, виэзачу кIанта а кIаддинера йа тIегIертачу къаналло кхерийнера, хаац, цуьнан тIулган дог, амма оцу тIаьххьарчу шина-кхаа шарахь цо йитира шен къиза амалш. Делахь а, машар бацара цунний, йуьртахошний йуккъехь. Цуьнан цIе йаккха дезачо йамарт жIаьла олура.
Ца везара иза цуьнан шен кIенташна а. ХIетте а, царна ца лаьара да вийна боху цIе тIеэца. Амма дийна висинчу веа кIантах цхьамма, Саьмбис, дош-дашера масазза дели, дуьхьалветтара цунна и бахьанехь велла Дакаш. Саьмбин бIаьргаш чохь Iосина гора оьгIазе йогу мостагIаллин цIе. ХIетте а, вешин чIирана кIанта ша вен магар дагадаийта ца ваьхьара.
ГIуллакх гена а даьлла, шаьш нахала довларна кхеравеллачу Iосас, БойсагIаран гIаттам хьаьшначул тIаьхьа нах лоьцуш, шен кIантана къайлаха пурстоьпе мотт бира.
ХIетахь лаьцна Сибрех вахийтина Саьмби тIепаза вайра…
VI корта. Салтичун кхоллам
«Акхачу нохчел хIумма а кIезиг зуламе бацара машаре нохчий а… Доллучул вуониг – и машаре йарташ а разбойникийн баннашка йерзар, бевддачу вайн салташна туш хилла дIахIиттар дара…»
А. П. Ермолов
1
Дуьхьалнисделла гаьннаш, синтарш шен могашчу аьтту куьйга дIа а сеттош, сих ца луш хьалха дIаоьхура Васал. Сийна тхов бина стигал къайла а йаьккхина, курра тIамарш йаржийна лаьттара, чIу санна, нийсачу, стаммийчу пепнийн йуькъа хьун. Воьдуш, наггахь тIенислора гаьннаш йуккъехула чекхйевллачу зIаьнарийн асанна. Цунна гуонаха уьйриг хилла хIаваэхь хьийзара кегий мозий. Цо безза боккхучу кога кIел чутеIара кIеда гIовда. Когаш кIел нисло декъа чIеш кагделча, къаьхкий, тарсал, попан кIайн-къорзачу гIода тIехула каде хьала а хьодий, цIоганах чIуг йой, разйолий, сема цунна тIаьхьахьожура, иза къайлаваллалц. Шен болх сацабора хенакIуьро. Декъачу гIашна бухахула шур-шур деш дIауьдура дехкий. Амма кхузахь дика дара. Йалсаманехь санна. Латта морцуш, тIеIеткъа бовха малх бу-бац ца хаьара. ДегIана там беш шийла, цIена хIаваъ, олхазарийн бес-бесара эшарш, шакарш…