– Селхана цига веанчу пуьрстоьпо, лаьцна, Ведана хьалавигна Ловдий, Васаллий. Кхузахь Васалан бехк болуш хIумма а дац. Бехк-м Ловдин а бацара. Дукха хан йара и боьха жIаьла дийна дIадаккха деза. Куьг бехке Ловда кIелхьарваккхалур вац. Амма Васал кIелвахийта йиш йац, хIуъу хилла латтахь а. Хьуна ма-хаъара, бевдда вайгахьа бевлла салтий йуха шайн кара нисбелча, цаьрца къиза хуьлу Iедалхой. Цул сов, цкъа-делахь, Васалан кегийра доьзал буьсу цIа дуьззина. ШолгIа-делахь, шен дегIан дола ца далуш, зуда цомгаш йу. Уггар коьртаниг – бевдда ваьшкахьа бевллачу салтийн дола дан деза. Нагахь вай и ца дахь, Iедале царна ницкъаш байтахь, тIейогIучу ханна вайх тешам бовр бу церан. Тхуна хьоьгара гIo оьшу, Берса.
– Ас хIун дан лаьара шуна?
– Деллахьа, хаац суна-м, Берса. Оха-м, Iедалера схьа а ваьккхина, обарг волуьйтур вара иза. ТIаккха а цIахь аьтто боцуш нисло. Цкъа а дегI маьрша хир вац. Тахана-кхана Шела вогIу, боху, Къурмин Къосам. Цуьнан чIогIа гергарло ду элаца Тумановца. Суна хетарехь, округан начальнико полковнико Головаченкос ладугIур ду Къосаме. Оцу Къосамца и гIуллакх дийца а, нисдан а деза ахь.
Берса вехха Iийра жоп ца луш.
– Суна-м хаац, Маккхал, цкъа-шозза генара гар доцург, кхин цхьана а тайпа сан тIекере йеана стаг вац-кх иза.
– Дерригенах а кхета тхо, Берса. Амма цуьнца бийца мотт хьуний бен карор бац.
– Иза хала гIуллакх дацахьара, охашимма хьуна тIедуьллур ма дацара, – йукъавуьйлира Аьрзу. – Васалан гIуллакх суьде далале, иза кIелхьарваккха веза. Тхан йуьрто тIелаьцна стаг ву иза, оха дола дан дезаш. ГIуллакх суьде даьлча, генадолу. Хьаькамаш хьастий а, кхерам тасий а, схьаваккха Васал.
Берсас корта ластийра.
– Догдохуьйла йац цуьнга. Шуна лаарна, гIоьртур-м ву со.
Шийлачу хица ламазаш а эцна, бай цIена меттиг лехна, Маккхал хьалха волуш, ламазаш а дина, маралелхаш, вовшийн Iодика а йина, дIасакъаьстира кхо доттагI.
Амма Теркан областан эскарийн командующи, нахана хIумма а ца хууш, цу Iазапах уьш «кIелхьарбаха» гIайгIа беш вара:
«Хьомсара Государь Александр Петрович!
…Нохчий кхалхоран гIуллакх шена тIе а лаьцна, оцу хьокъехь Турце вахана инарла Кундухов цIа верзаре сатуьйсуш Iа со. И гIуллакх сихха къастор чIогIа оьшуш ду. Малхбузе Кавказехь вайн хиллачу тIаьххьарчу а, чIогIачу а кхиамаша догдохийна нохчийн. Вешан Iалашо вай мел къайлайаккха гIертарх а, вайца шайн йолчу шатайпачу йукъаметтигах делахь а, йа шайн махка оьзначу эскарех шекбевллехь а, йа арахьара тIеоьхучу нахехула хиънехь а, царна хиъна герггарчу хенахь правительство цигахь чIоггIа когаш тIе хIотта ойла йолуш хилар. Цундела кху тIаьххьарчу хенахь кхузахь меттигерчу Iедалшна совцо хала йа совцо ницкъ боцу тайп-тайпана эладитанаш даьржина.
Графо Евдокимовс соьга делла туркойн эмиссаро ламанхошка Турце кхойкхучу прокламацин гоч. Цуьнан чулацам чIогIа тера бу ас со Коджорехь волуш Хьан Локхалле йеллачу экземплярах. Вайн дика нохчий оцу прокламацех Iехабелла Турце кхелхарг хиларх теша мел хала делахь а, царна йуккъе йаржо ахь цхьа масех экземпляр йаийтар эрна хир дацара. И прокламаци Тифлисехь нийсачу туркойн матте йаккхар доьхуш, графо Евдокимовс йаздийр ду хьоьга…
М. Лорис-Меликов.
18 июнь 1864 шо»
IX корта. Къайлаха цхьаьнакхетар
Хьуна гина-кх дерриг гIуллакхаш хийцалуш хилар: цхьана замано велийнарг кхечу замано велхаво.
Салих ар Ронди
1
Беттаса кхетале бохуш сихвелла вогIу Берса пхьуьйран ламазан хенахь Шела чувуьйлира. Тховса иза кхуза вогIура МаккхалгIеран дехар кхочушдар Iалашо йолуш. Винчу йуьрта вогIуш, даим а цуьнан невцо ДанчIас шен кIант Болат дуьхьалвоуьйтура цунна. Амма тховса иза ша веанера. Цо Берсега хаийтинера, стенна делахь а, цхьана гIуллакхна, амма пайда ца бохьуш, шеца милицин йоккха отряд а йалош йуьрта майор Мустапин Девлатмирза веана аьлла.
Берса кхерамах ларван, цхьа шовзткъе итт гIулч хьалха воьдура ДанчIа. Пурстоьпан конторин цIеношкахь къегина серло а, чохь хевшиний, хIиттиний, чу-арадуьйлушший адамаш гора. Амма йисина йерриг Шела, Нохчийчоьнан и шатайпа столица, хьалххе дIатийнера. Йукъ-йукъа цIеношкахь, гаттий кораш гIийла серладаьхна, наггахь чиркхаш догура. Йуьртан йукъах къехкаш, йуьстаха долчу гаттийчу, гомачу урамашкахула воьдура и шиъ. КетIахула хIорш чекхбовлуш меттахъхьов жIаьлеш, жимма бага а тухий, совцура.
Сема дара тховса ДанчIин мискачу хIусамехь. Хьешан цIа чохь цIенкъа тесначу къорзачу истанга тIерачу жIай-гIантахь, сих-сиха бага а гIеттош, гоьл тIе ког а баьккхина, сингаттаме Iара векъана, хан тоьхна стаг. Цунна уллохь пенацарчу терхи тIехь богучу чиркхан серлоно къегайора цуьнан белшаш тIера хьесан погонаш. Некха тIехь лепара императоран таж, тарраш тIера шолгIачу даржан «Святой Аннин» орден, 1837-чу шарахь императоро Кавказехула бинчу некъан хьурматна йелла дато мидал. Кочахь кхозура «Доггах гIуллакхдарна» аьлла тIейаздина дашо мидал, андреевски ленти тIехь лепара «1853–1856-чуй шерашкахьлерчу тIемашкахь дакъалацарна» йелла борзанан мидал. Царна лахахь йоллура «Нохчийчоьй, ДегIастий карайерзорна» мидал. Голашна йукъа а лаьцна, ирахIоттийна дара «Майраллина» тIейаздина дашо тур.