Йийсаре ваха имаман сацам хилла баьллийла хиъча, шен цхьана кога тIе хьалаиккхира буьрса БойсагIар. Чевнаша йеринчу йуьхьа тIехь, седа санна, богура цхьаъ бен боцу бIаьрг.
– Хьайн сацам хийца, имам, хьайн сийлахь цIе йайъа воллу хьо! – къаьхьа мохь белира цуьнга. – Тхо дийначийн хьовха, беллачу тIемалойн а сий дайъа воллу хьо! И дойла йац хьан!
– ХIан-хIа, БойсагIар, и ца дича далац. Наха доьху соьга. Зударий а, бераш а эрна хIаллак ма хилийта, боху соьга…
– ХIун элира ахь? – шен цхьаъ бен доцу аьтту куьг шаьлтанан макъарна тIе а диллина, кхоссавелира БойсагIар. – Эрна хIаллакьхир ду, тов! Кху ткъа шарахь хIаллакьхилларш дацара адамаш? Эзарнаш! БIе эзарнаш! БIаьрг тохал Нохчийчу! Шо хьалха, стохка, массо хенахь цунна тешаме хила, иза тесна ца йита, хьо дийна а волуш гаурша и дIалоцур йац бохуш, дуйнаш биънарг хьо вацара ткъа? Йицйелла хьуна айхьа тхуна йина чIагIонаш? ХIокху шайн лаьмнийн лакхенгара дIа бIаьрг тохал цига. Делах санна, хьох тешначу, хьуна доггах тIаьхьабаьзначу, хьо ларвеш сийлахьчу тIамехь эгначу майрачу кIентийн баьрзнаша аьхна Нохчийчоьнан латта! ХIинца а йогуш йу иза, Iаьржа кIора хилла цунах! ЛадогIал, хезий хьуна, цигахь беллачийн декъаш тIехь боьлхучу зударийн тийжарш, байлахь дисинчу берийн белхарш, иэшаро иэхь дина, тIедогIучу олалло собарх баьхначу дийна бисинчу хьайн тIемалойн узарш? Халкъ тешара хьох, и тIаьхьахIоьттинера хьуна, ткъа оццул хьо веза лелийна халкъ холчахIоьттинчу дийнахь, и дIа а тесна, хьо хьайн са дадийна воьду!
Имам лаьттан бIаьра вогIавеллачохь висинера.
– ХIаъ, БойсагIар, Нохчийчоь йаьгна. Иза йара со кога вахийтинарг. Шун нохчашна, шун наибашна тIетийжаш, идийра ас xIapa ткъа шо. Шун халкъ къар ца делла гауршна, иза кIадделла, цуьнан ницкъ бац дуьхьало йан. И хиъна шун наибаш кхушара оьрсашкахьа бевлира. Хьо цхьаъ тешаме висина суна, сан майра БойсагIар. ТIом шайн махка баьлча, дагестанхойн йарташ, дуьхьало ца йеш, муьтIахь хилла, кIелсевци гауршна. Церан наибех соьца висинарг Iаьндойн Дибир, хунзахойн Дибир, СогIратIлара Нурмохьмад а бен вац. Вуьш, оьрсашкахьа а бевлла, суна дуьхьал тIом беш бу. Со дийна йа вийна шена тIевалийначунна эзар туьма ахча кхайкхийна цо. Йа вуьйр ву цара со, йа йийсаре лоцур ву. Цул, сайн лаамехь со тIевахча, тоьлашха хета… Халкъана къинхетам беха…
– ХIан-хIа, ахь и дийр дац! – тIечевхира БойсагIар цхьа шо хьалха буьрса имам хиллачу, ткъа хIинца гIорасизчу Шемална. – Кхузахь герз буйнахь летта вала веза хьо! Хьо вацара ткъа тхуна сийлахь гIазот кхайкхийнарг? Хьо вацара ткъа исламан дуьхьа керстанех леташ Iожалла тIеэцнарг Дала даржехь лакхавоккхур ву, кхеравелла, кара а вахана, царна муьтIахь хилла кIелсецнарг жоьжахатин цIергахь вогур ву баьхнарг? Иштта хьехамаш ца бора тхуна хьан Iеламчаша? Ахь а, хьан наибаша а ца олура ткъа тIемалошка, вешан Даймохк гаурашна дIалучул, летта далар гIоли йу вайна? ХIета, ахь а, хьан Iеламчаша а адам Iехош хилла-кх? Стешха кIиллой хилла-кх шу? Iожалла тIе ма-гIоьрттинехь, хьан Iеламчаш а, хьан хьоме наибаш а, куьйранах йевдда котамаш санна, бевдда гауршкахьа бевли! Хьо а царна тIаьхьа дIахьаьддийца! ХIинца дицделла шуна шайн халкъ а, шайн латта а, шайн дин а. ХIан-хIа, Шемал, хьо гIyp вац гаурийн кара! Тахханалц кху лаьмнашна хьо вевзара майра бIаьхо, тешаме кIант, хьекъале баьчча санна. Ткъа турпалш дийна йийсаре ца боьлху. Нагахь хьо мостагIийн карагIахь, Iаьржа кепек мах бац хьан! Кху лаьмнаша, шаьш мел лаьтта, неIалт кхайкхор ду хьуна!
– Эрна хабарш хIунда дуьйцу вай, БойсагIар? – халла хезаш вистхилира Шемал. – Вешан догIмаш инарлин карадалар ма тоьлу вайна, тIаккха паччахьо къинхетам бийр бу вайх. ХIокху бехачу тIамо со а гIелвина… Дерриг чекхдаьлла хIинца… Со летта валарх, хIун нислур ду? Дерриг эрна ду. Со воьду, БойсагIар…
– Имам!
Амма Шемал, шен тешамечу наибе ла а ца дугIуш, оьрсашкахьа дIаволавелира.
– Йухаверза, Шемал, ас Делан цIарах нажжаз во хьо! Дохковала, имам! Ма диэ иэхь къеначу лаьмнашна! Ва дела хила хьуна Делан неIалт!..
Амма Шемала ла ца дугIура. Цунна хьалха дIахIоттийра цуьнан хьоме сира дин. Шимма луьйтанаш, цхьамма ког а лаьцна, дина даьккхира цуьнан дазделла дегI. Хьаьдда тIевеанчу полковнико Лазаревс, урх лаьцна, дIаозийра дин. Йуьрта йисте кхаьчна, охьа чухьаьжча, имамна гира оьрсийн эскаршца лаьтта дагестанхойн отрядаш а, элана Барятинскийна уллохь лаьтта селханлера шен гергара наибаш Донго-Махьма а, Iандалалски Хосро а, Елисуйн Дениел-бек а, шен мутаIелам, доттагI, хьехамча хилла Iаьмархан а, ТIилитIлара Кибит-Махьма а, кхин дуккха а. Берриш а – селханлера цуьнан доттагIий. Имамо говр сацайайтира. Церан йаххьаш тIехь Шемална шера гора баккхийбер а, догъIабар а, йоккха гIайгIа а.
– И бусалбанаш аш сан бIаьргашна гучуьра дIа ца бахахь, со дIа ца вогIу! – элира цо сацамболлуш.
Къурмин Къосам охьачухьаьдира. Цхьа сахьт далале цигара лаххьийна дIабехира берриг наибаш а, Дагестански иррегулярни полк а, хански нукерийн отрядаш а. Лазаревс говран урх дIаозийра. Шемална тIаьхьаволавелира цуьнан гергарчу нахах кхойтта стаг…