Хьалххе пурстопаца барт а бина, дукхахболу нах кхаш тIе балха баханчу хенахь йуьртан гулам кхайкхийнера СаьIадгIара, ткъа сийсара цара къайллах шайга хаам бина церан бартахой, шайн гергарчу нахаца йуьртара ара ца бовлуш, цIахь севццера. Уьш йиллинчу хенахь майдана гулбеллера. АхьмадгIарна кхаж тесначу виъ бIе сов стагах цигахь цхьа иттех воккха стаг бен ца хилла. Хьалха кхузахь харжамаш беш закон талхийна, дукхахболу нах харжамашкахь дакъалоцуш а ца хилла аьлла пурстопо, цундела хIетахь йуьртан урхалле хаьржина нах округан начальника чIагI ца бина. ХIетахь йуьрто къастийна, округан начальника къобалвина хилла пхи стаг – СаьIад, Iабди, Хьуьси, Панта-Хьаьжа, Инарла – йуьртан урхалле харжа веза аьлла. Цигахь хиллачу Ахьмада а, Солтас а дуьхьало йина пурстопана, амма цига гулвеллачу ах бIе сов стага куьйгаш а айъина, и пхи стаг хаьржина.
Iелина хьалххе дуьйна хаьара СаьIадгIара, мацца йина а, и йамартло йийриг хилар. Йуьртахь церан тоба жима йелахь а, Iедал цуьнгахьа ду. Йуьртара дукхахболу нах йа, хIинццалц санна, оцу хьолахойн кога кIел Iен беза, йа, цаьрца къевсина, уьш коьртера охьабиссо беза. И тIаьхьарниг дан нахехь ницкъ бац. Доцца аьлча, йурт шина декъе йекъайелла. Овхьад мукъана а велара цIахь, цунах дагавала. Россе буьгучу нохчийн йолахойн хьокъехь Шела а, Соьлжа-ГIала а вахана иза селхана. ЦIа маца вoгIyp ву а, ца хаьа. Цкъа вахча, цIа ца вогIуш кIиранах а, шина кIиранах а Ia.
Iелас ламаз эцна тас-гIyммaгI дIадаккха чуйеара цуьнан кIентан йoI, итт шо хенара Шовда.
– Седа йеанера хьо цIахь воцуш, – элира цо, цIенкъа горгам а хьокхуш.
– Лаа йеанерий иза?
– Хьо ган йеана ша, бохура. Са а гатделла.
Йуьртан гIуллакхашна тIера дIайевлира Iелин ойланаш. Иза цIа веана ши шо гергга хан йу. Тохара цо, тешаш а кхайкхина, Ахьмадца къамел динчул тIаьхьа дIатийра йуьртахь царах лаьцна лела эладитанаш. Айза баттахь, шина баттахь цкъа йогIура шен кIант волчу. Дукхахьолахь кIентан бераш ган, царах цхьаъ цомгаш хилча. Ахьмад а вогIура, Iела волчохь нийсарой цхьаьнакхетча. Iусман а, Дауд а шина а кертахь а, арахь а болх хилча, вовшашна гIo деш цхьаьна хуьлура. Ткъа йалхитта шо долу Айзин йоI Седа хIора дийнахь бохург санна йогIура кхуза. Ма-йоггIу Iела волчу цIа чу а йогIий, цунна мара а оьккхий, цIа чохь цIано йан хIуттура. Iелин мотт-гIайба цIена латтадора, бедарш йуьттура, цIенкъа нуй-гIум хьокхура, цунна бовхачу кхачин гIайгIа бора.
Iелина там бан гIертара уьш массо а. Амма цуьнан дог даьллера хIокху дуьненах. Шен хенарчу нахаца пхьоьханахь, мовладехь, сагIа доккхучохь охьахиъча а, наггахь вист а хуьлуш, тийна-таьIна Iapa иза. Йуьртан гIуллакхашна йукъа а ца гIертара. Iелин сагатдийриг цуьнан хIусамнана цахилар а дацара. ХIусамнаной а белла, атталла дола дан доьзалхой а боцуш бисина дуккха къена нах бара. Ткъа Iелин кIант а, нус а, церан бераш а ду. Уьш массо а, кхин тIех хуьлийла доцуш, дика а бара цунна. Iелина там лоьхуш, мосазза а цунна зуда йалор а хьахийнера цара. Амма иза реза ца хуьлура. Йалийнчу зудчуьнгара хIун там хир бара цунна? Бедарш йуьттур йара, кхача а кечбийр бара, хIусам цIена а латтор йара. Оцу aгIор несо а, кIентан бераша а, Седас а цхьа тайпа эша хIума ца дуьтура цунна. Зуда йалийча, цаьршинна йукъахь безам-марзо хир йу бохург дIадаьллера. ХIокху хIусамехь цхьаьна-м Iийр дара. Хийра ши адам санна. Болчунна тIе а и бала ца оьшура Iелина. Цо дуьненахь йаккха йисина хан дукха хир йац. Тахана ву а, кхана хир ву а, ца хаьа. Шовзткъа шарахь а Iийна иза хIусамнана йоцуш, мел йисинехь а, йисинчу хенахь а Iийр ву.
ХIун дара а, хаац, цхьа хан йаьлча, цкъацкъа де-буьйса схьалоций, сингаттамо бIарзвора иза. Цо мел чIогIа дуьхьало йарах, шайтIано даг чу туьйсура ша дийна а волуш Айза маре йахар. Ша мел собаре велахь а, иза кхин цкъа а хьехо ца оьшуш чекхдаьллехь а, наггахь иза Iеткъара Iелина.
Сибрехь волуш Iелас нийат динера, нагахь санна ша мацца а цкъа дийна даймахка верзахь, шен таро а, могашалла а хилахь, Хонкара а вахана, цигахь дозанехь вийна дIавоьллинчу вешин Аьрзун а, цуьнан доттагIчун Чорин а кошан барза тIе хIотта. Иштта чIогIа шен сагатделча, цхьана ханна кхузара дIа а ваьлла, цига а, Гуьржех, шен доттагI Николаз волчу а ваха дагадогIура цунна. Амма цига воьдуш ахча дезара. Ткъа Iелин иза дацара, хир ду ала, меттиг а бацара.