Ша Гати-Юьртара а вацара Жаьнтамар. ТIом болчу хенахь Теркйистера шайн йурт йагийнчохь гIалгIазкхийн станица йиллича, доьзалца Нохчмахка а веана, Гати-Юьртахь сецира иза. Жаьнтамар санна, аренгара бевдда хьалабаьхкина доьзалш Iаламат дукха бара Нохчмахкахь. Вуьшта а лаьттана йоккхачу къеллехь бохкучу кхузарчу бахархошна йолчу тIе а гатте йинера цара. TIамo, бохамаша шайн лаьтта тIера бухбаьхна схьабаьхкина и нах латта доцуш буьтийла а дацара. Нохчий, бусалбанаш ма бара уьш, де доьхна лелаш. ТIом чекхбаьлча, хIорш шайн йарташка дIабоьрзур бу-кх аьлла, шайн ирзойх коржамаш хедош, царна кIез-кIезиг латта делира наха, цхьана ханна лело. ТIом болчу хенахь церан дог а оьцура бухарчу наха. ТIом чекхбаьлча, хIокхеран махка тIехь гIалагIазкхийн станицаш йехкира. Баха меттиг йоцу и тIебаьхкина нах Нохчмахкахь бисира. Кхузахь церан цIе «тIебаьхкина» нах йара. Йуьртан мехкан дакъа а ца кхачадора царна, йуьртан гуламехь куьйган бакъо а йацара церан. Оцу дерригенан а ойла йича, Iелас бехк а ца буьллура царна кхелхина кхузара дIабахарх. Уьш муха бехар бара кхузахь? Берриг а мохк наха дIалаьцнера. ХIора шарахь xIapa бухара нах а вовшех летара, шунаш а, дозанаш а къуьйсуш. Хьалха-м, доьзалехь кIант кхиъча, цо зуда йалийча йа йуьртана тIевеанчу стагана, цунна ирзо даккха хьун къастайора. ХIинца иза дойла а дацара. Йерриг а хьаннаш пачхьалкхо шен долайаьхнера…
5
Шен ойланех йукъах а ваьлла, воккхачу стаге хьаьжира Iела. Ша хиъна Iачуьра дIа а кхийдаш, хьаьжкIашна куьйга асарш дохуш воллура иза.
– Жаьнтамаран шина кIантах муьлханиг ву хьо?
– Воккхахверг. Мусха.
– Мусха… ХIетахь хьан доьзал бара, моьтту суна?
– Кхо кIант а, ши йоI а дара. Уггар доккхачун итт шо а долуш.
– Уьш мичахь бу хIинца?
Вист ца хуьлуш, вехха Iийра Мусха.
– Дийца воьлча, дукха деха ду иза, Iела, – элира цо эххар а. – Дуьйцуш, дерриг а карладуьйлу, ца дуьйцуш Iийча, цIеран уьйриг а хуьлий, кийрахь хьийза. ТIе дийца а, далхо а, сох къахета а, дог лаза а стаг а вац сан. Амма хьоьга дийцаза Iалур вац. Ахь баланаш дукха Iийшина. Со санна, ала мегар долуш, халонаш, баланаш лайна, цхьа висина стаг ву хьо. Цхьа бохам шена тIебеача, стага ойла йо, ванах, xIapa суна хилла бохам хилла стаг вуй-те олий. Ишттаниг карийча, иза а хилла собаре, со а хила веза олий, маслаIат хуьлу, сатуху, собаре хуьлу. Хьан кийрахь сингаттам бу, Iела, амма и хьайниг гIан хетар ду хьуна, соьга ладоьгIча.
«Суна хиллачул тIех баккхий бохамаш, ас лайначул тIех баккхий баланаш лан, хIокхунна тIедеанарг хIун ду-те?» – аьлла, цецвелира Iела.
– Кхузара дIадахча, шина Терка йуккъерчу гIалагIазкхийн цхьана йуьртана уллохь жима кIотap а йиллина, охьахевшира тхо. Ткъа цигахь дитарна а, тхаьш лелочу лаьттах а xIоpa шарахь йуьртана мах лора оха. Иштта, оха санна, нохчаша йехкина кIотарш дикка йара Теркан шиний агIонца. ХIокху агIор йа гIалахь нохчашкара шайна цатовриг даьлча, цигахь тхо хьийзадора гIалагIазкхаша. Цхьанхьа нохчаша шайна къола, талораш дича, гIалагIазкхи вийча, и дерриг а тхох окхура. Оцу зуламхошца тхо бертахь ду, и къуй а, и талорхой а цига оха кхуьйлу, олура. Дуккха а меттигаш нислора нохчаша царна дина къола, зен цигахь бехаш а, ханна йолах болх беш а болчу бехк-гуьнахь доцчу нохчашка токхуьйтуш. И къоланаш, талораш дийриш беккъа нохчий а ца хуьлура. ГIалагIазкхашна йукъахь а кIезиг бацара къуй. Цара а кхуьйлура нохчийн къуй цига. Шинхьарчу а зуламхоша бертахь, цхьаьний бора и болх. Цул совнаха, кхечу къаьмнех нах а бара цигахь къоланаш а, талораш а деш. Амма дерриг а нохчийн коча доуьйтура. ХIуьттаренна а, дукхахдолу къоланаш дийриш нохчий хиларна а. Оцу къуша, талорхоша вон цIе йоккхуьйту нохчийн, уьш бахьана долуш баккхий бохамаш хуьлу вайн къомана. Органал дехьара цхьа стаг вахара селхана кхузахула дIа. Дукха хан йоццуш гIалгIайн а, гIалагIазкхийн а йарташна йукъахь доккха дов хилла, гIалгIайх маситта стаг а вийна, маситтанна чевнаш а хилла, Яндаркъа а йохийна бохуш, дийцира цо. Тхо Теркйисте дахана дукха хан йалале, иштта нохчашна а, гIалгIазкхашна а йукъахь хиллачу девнехь вийра сол жимахволу ваша а.
Яндаркъехь хилла дов Овхьада дийцинера Iелина. Троицки станицана уллохь вийна карийначу цхьана гIалгIачунна тIехула йандаркъошний, гIалагIазкхашний йукъахь кхийсарш йуьйлаелча, шиний агIорхьарчарна орцахбевлла гIоьнна баьхкинера гондIарчу йарташкара гIалгIай а, станицашкара гIалагIазкхий а. TIом болабелча, шайна ницкъ хила боллийла хиъначу гIалгIаша дов къасто а, шайна йукъахь машар бан а эскарш дехнера. Царна хаьара, бехкенаш гIалгIазкхий белахь а, цаьргахьа а даьлла, Iедало шаьш бехке дийр дуйла. Шеца пулеметийн рота а йолуш, гIашлойн батальон а, гIалагIазкхийн, кхо бIе дошло а волуш, схьакхаьчначу отрядо, довхошна йукъахь машар баран меттана, Яндаркъа йохийра. Дуьйцура, ткъех гIалгIа вийна, дукханна а чевнаш хилла, дуккха а даьхни дайъина, цIенош а дагийна, дуккха а доьзалш эрна арахь а бисина бохуш.
Ткъа дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу базарахь гIалагIазкхаша а, салташа а нохчашна тIехь хIоттийнчу акхараллин дийна теш вара цигахь йиттина сакхат а вина цIа валийна Янаркъа.