– Тхан ден тхо кхоъ дисина хIинца, – бохура Iумар-Iелас. – Сол воккха ваша ткъа шо хьалха вийна бандиташа. ЧК-н белхало вара иза. Хьуна дагайогIу хир йу колхозаш вовшахтухуш а, кулакаш дIабохуш а, цхьацца йарташкара бахархой Iедална дуьхьалбевлла хан. ХIетахь кулакаша МахкатIахь вийра иза. Халкъ махкахдоккхуш, тхан да лерина, махках ца доккхуш, тхо кхоъ цIахь дитира. ХIинца пхоьалгIа шо ду со НКВД-н белхало волу. Хала ду кхузахь. Бандиташ баьржина хIокху лаьмнашкахь. Суьйлий, нохчийн бандитех бисинарш. Дийнахь-буса синтем боцуш, царна дуьхьал къийсам латто деза тхан.
Оцу буса хан йаьллачу хенахь охьавижнехь а, наб ца кхеташ дукха Iиллира Овхьад. Адамех цецвала, шена ца гуш хIумма а ца дисина, моьттура цунна цкъацкъа. Амма замано а, адамаша а цецвийла дукха хIуманаш гойтура цунна. Йерриг Россехь а, Иранехь а, Хонкарахь а, Европехь а майраллица, оьздангаллица, доьналлица гIараваьлла къонах ма вара Зеламха. Шен халкъана тIехь паччахьан Iедало латточу харцонашна, Iазапна дуьхьал, шен халкъан маршонехьа къуьйсуш, кхойтта шарахь халонаш, баланаш лайна, эххар а шен са а халкъан дуьхьа дIа ма деллера цо. Халкъо шен орцахо, шен тешаме кIант ма лорура иза. Иштта халкъан дагахь а ма висина иза. Ткъа паччахьан Iедало разбойник, бандит, адамашдайархо бохуш кхайкхавора. Иза а, цуьнан накъостий а. Ша Пачхьалкхан Думе йаздинчу кехат тIехь Зеламхас ма-аьллера, ша обарг хилла ца ваьлла дуьнен чу, шех обарг винарг Iедалан харцонаш, къизалла, халкъехь латто Iазап ду.
ХIинца хьаннашкахула, лаьмнашкахула Iедалх бевдда лелачу нахана а изза цIe тиллина. Бандиташ. Зеламхина санна, царна тIаьхьа толлуш йу милици, НКВД. Бандиташ а хир бу хIокху лаьмнашкахь. Уьш Зеламхин заманахь а бара. Къоланаш, талораш деш лелаш. Амма хIетахь а бара, хIинца а хир бу Iедалан харцонех, таIзарх шайн синош довдийна лелаш оьзда, хьанала, догцIена нах. Бандиташ а, бакъонца болу обаргаш а ца къестош, царна массарна а цхьатерра тIаьхьа толлуш ву Зеламхин кIант. Мацах шен дена, цуьнан накъосташна тIаьхьа толлуш лелла ГалаевгIар, ВербицкийгIар, АндронниковгIар, ДонагуловгIар, МорганиягIар, КибировгIар санна.
Кхин цхьаъ а дара Овхьад цецвоккхуш. Шен халкъ махкахдоккхуш, цунах къаьстина цIахь хIунда севцца Зеламхин бераш? Шайн халкъаца цхьаьна халонаш, баланаш, бохамаш лан, цуьнца махках хIунда ца бевлла уьш?
Iуьйранна иза дIаваха новкъаволуш, НКВД-н цIарах некъан кехат делира цунна Iумар-Iелас.
– ХIокху aгIop карийна нохчо хьийзаво милицис. Хьоьгахь лагерехь делла кехат-м ду. Делахь а хIара сов хир дац хьуна.
Овхьад шен доьзал, халкъ лаха Казахстане ваха новкъа велира.
Иза хIинца кхозлагIа даймахках къаьсташ вара.
Дуьххьара иза даймахках къаьсташ – вуьрхIитта шо; лаьцна, Сибрех вохуьйтуш – ткъе диъ шо хан йара цуьнан. Сибрехара цIа воьрзуш – шовзткъе диъ.
ШозлагIа лаьцна, Сибрех вохуьйтуш, кхузткъе вуьрхIитта шо дара цуьнан.
ХIинца гонаха ха а доцуш, шен лаамехь даймахках волуш – дезткъе ворхI шо.
ХIинца иза, кхин цкъа а даймахка йуха ца верза, гена новкъа велира.
Цуьнан дезткъе ворхI шо ма ду…
2
Зеламха дуьнен чуьра дIакхелхинчул тIаьхьа бIе шо гергга хан йаьллехь а, цуьнан цIе боккхачу лерамца, бовхачу безамца ларйина нохчийн халкъо. Амма цуьнан цIе иштта лоруш кхечу къаьмнех адамаш а дукха гина суна.
Киргизехь соьца болх беш вара Пантелейчук Николай. Иза колхозан коьрта бухгалтер, со – цуьнан гIоьнча. Да – молдаванин, нана оьрси йара цуьнан. Сол масех шо воккха вара иза. Жима волуш цкъа Зеламхех лаьцна кинофильм гинера цунна. Сих-сиха суна йуьйцура цо иза. Дуьненан исторехь гIарабевллачу турпалхойх цхьаъ лорура цо Зеламха.
1975-чу шарахь со волчу Мескета хьошалгIа веача, Зеламха вина йурт ган лиира Николайна. Тхойша Хорача вахара. Эвлайистехь тхойша хIоьттина лаьтташ тIевеара цхьа жима стаг. Тхойшинга хьал-де а, мичара ву а, кхуза хIунда веана а хаьттира цо. Оцу дерригенна а ас жоьпаш делча, ЗеламхагIеран цIенош хилла меттиг гайтира оцу стага. Цу меттиг тIехь цIенош дацара, гонаха керт йацара. Йуьрто дIатесна, эрна йитинера иза, цхьаммо а шен дола а ца йоккхуш.
– Зеламхин ши йоI ган лаьий шуьшинна? – хаьттира жимачу стага. – Муслиматан кIентан кIант сан доттагI ву, шуьшинна лаахь, ас Ведана Муслимат йолчу вуьгур ву шуьшиъ.
Муха ца лаьа. Зеламхин ши йоI гape ас сатуьйсу дукха хан ма йара.
Тхойша дика тIеийцира Муслимата. Сихха Энист схьа а кхайкхира. УьстагI бийна, дика шун хIоттийра. «Маршонан цIарах» романа тIера Зеламхех лаьцна корта а бешна хиллера цаьршиммо.
Цул тIаьхьа дукха хан йалале со волчу хьошалгIа веара Тифлисера сан хьаша, Iилманча-литературовед Кикнадзе Зураб Георгиевич а, цуьнца кхин цхьа Iилманча а. Хьалха тхойша цхьаьнакхетча, Зураба а дукха вуьйцура Зеламха. Оцу шинна а лиира Хорача ган. ХIинца ма-воьдду Муслимат йолчу вахара со.
Хьалха санна, Энист ша йолчу а кхайкхина, гуьржий цецбохуш, тхуна чIогIа дика хьошалла лелийра Муслимата а, Эниста а.