…Лаьмнийн баххьех хьерчачу кIайчу мархийн сомалкхашка а хьоьжуш, кора уллохь лаьттара Михаил Тариэлович. ГIаргIанан дуькъачу гIашна йуккъехь «кIур-кIур» дора шина кхокхано. Лаьмнашкара схьа дагна там беш байн мох хьоькхура. И гIайгIане ойланаш дIалахка санна, белшаш ойъуш, корта ластийра цо. ХIаваэ ваьлла, волавелла, коьрте жимма садаIийта ойла хилла Лорис-Меликов сацийра неIарх чоьхьаваьллачу штабан начальнико полковнико Свистуновс.
– Коьртачу штабера пакет йу, хьан локхалла, – цIена къаьстачу озаца вистхилира иза.
– Стоьла тIе охьайиллахьа, – элира Лорис-Меликовс, полковникан элдарчу дегIе бIаьрг а тоьхна. – Нохчийчуьра хаамаш буй?
– Ичкерински а, Аргунски а округийн начальникашкара донесенеш йу.
– Керла хIун дуьйцу?
– Башха керланиг а дац. Ламанан Нохчийчохь синтеме дац, халкъ бунт йан кечлуш ду, боху. Амма, цигахь дукхе-дукха леррина а, къайлаха а боккхачу гIаттамна кечлуш буй-те аьлла, хета суна. Вайн ирсана, зуламхошна тIаьхьа хIинца цкъа кегийрхой бен ца хIуьтту. Баккхийчарна иэрна хета Iедалца къийсар.
Лорис-Меликовс доккха садаьккхира.
– Мятежан тхьамданашка ладоьгIуш баккхийниш болуш, ткъа кегийрхой йухагIерташ хилча, бакъахьа хир дара, хьомсара Александр Павлович. И ун къоначу тIаьхьенан дегнаш чохь дисар ду зуламе.
Цхьана минотехь вист ца хуьлуш лаьттира и шиъ.
– Керла гайтам хир буй хьан локхаллин? – хаьттира полковнико.
– ХIан-хIа. Баркалла.
Полковникна тIаьххье неI тIечIагIайелча, Iаьржа лак хьаькхна, куьзга санна, къегачу стоьла тIе йуха а вирзина, лекха гIовла йолчу кIедачу гIанта охьахиира Михаил Тариэлович. Меллаша сургучан мухIар дIа а даьккхина, жимачу уьрсаца пакет а йатIийна, оцу чуьра деалха диттина шера кехаташ схьадехира цо. ТIаккха, цIеначу йовлакхца цIандина, дашочу хIазаршца кечдина куьзганаш шен стомма-бехачу мера тIе а дехкина, кехаташ схьадаржийра цо.
Дуолорна тIе бIаьрг кхарстийна, тIаккха цхьацца меттигаш леррина йеша вуьйлира иза.
«…ТIеман министре, цуьнан локхалле, инарла-адъютанте Милютине… № 1, 3 январь 1865 шо.
…Билгалдаккха деза, Малхбале Кавказан дерриг къаьмнаш вайца цхьатерра мостагIалле а, вайна цхьатерра кхераме а цахилар: цундела, царах лардалархьама, вай деш долу гIуллакхаш массанхьа а цхьатерра луьра хила дезац. Теркан областан Малхбузе Отделера бахархой бес-бесара къаьмнех хиларой, оьрсийн урхаллех боьлла хиларой, церан динан башхаллаший цигахь вайн Iедал чIогIа латтадо, цундела цигахь вайна кхерам боцу кег-мерса карзахаллаш хила тарло.
Шерачу аренца йолчу ГIумкийн округан мехкан хьелаший, вайн урхаллина кIел халкъ токхенга кхачарой гуттаренна дIабоккху цигахь гIаттам хиларан кхерам.
Кхечу хьолехь бу дагестанхой. Майра тIемалой а, динан фанатикаш а болчу церан вайга цабезам массерчул тIех чIогIа хила мега. Амма оцу шайн мехкан къечу, буьрсачу Iаламан Iаткъамна кIел кхиъначу цигарчу халкъийн Iер-дахаро вайн боккха аьтто бо уьш вайна муьтIахь латто а, оцу махкахь вешан урхалла латто а. Лаьттан къоьлло къинхьегамна Iамийна ламанан дагестанхой. Церан лаьмнашкахь мелла а тIехь йалта кхио мегаш йолу хIор а кийсак, дайша инзаре чIогIа къахьоьгуш тарйина и кийсак, тIаьхьарчу тIаьхьенаша, йоIбIаьрг санна, ларйо, иза шайн рицкъанийн цхьаъ бен доцу хьоста хиларна. Оцу бахьанаша, цигара къаьмнаш вайна мел муьтIахь дацахь а, догдохийла йуьту, Дагестанехь вайна дуьхьал гIаттам хир бац аьлла.
Новкъа ду, Дагестанехь а, Теркан областан Малхбузей, Малхбалей шина отделехь а вайн урхалла чIагIдечу хьелех цхьа а нохчий бехачу Йуккъерчу отделехь цахилар. Кхузахь дерриг а вайна дуьхьалдирзина: оцу халкъан амал а, йукъараллин дIахIоттам а, Iер-дахар а, Iаламан хьелаш а. Нохчаша вайца биначу бехачу тIамо цуьрриг а бакъахьа ца хийцина церан амал. Вайн эскарийн тохаршний, Шемалан деспотин Iедалний йуккъехь бисинчу нохчаша, вайх ларбала а, Шемалан Iедал дIакхосса а шина aгIop биэкъа ницкъ боцуш, шайн герз а, мекарло а цкъа вайна, тIаккха Шемална дуьхьалйоккхуш, йуха шайн вовшашлахь лиэташ, текхна xIapa тIаьххьара ткъа шо. Оцу шина а агIоррий, йуха вовшашлахь бечу тIамой хIаллакбина церан оьздангаллех болу кхетам а, вовшийн лерам а. Кхерам-м хьовха, Iожалла а дош ца хета царна. Кхерамах а, Iожаллех а боьллачу царна оцу шина а бIаьргаш чу хьоьжуш дерг бен дахар а ца хета. ХIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь нохчийн цхьа а йурт тешна йацара ша тахана йолчохь кхана хир йу бохучух: цхьана aгIop вайн эскарша йохайора уьш, вукху aгIop – вай гергагIоьртича, Шемала нуьцкъаха кхечахьа кхалхайора. Мохк йалтина дика, токхе хилар бахьана долуш хIаллак ца хуьлуш дисина и халкъ, амма адамашха терра дахар бохучух кхетам а, тешам а байна церан. Демократизм уггар а лакхарчу тIегIан тIехь йара церан даим а. Сословеш а, тIаьхьенга лун Iедал а хIун йу-м, муххале а, ца хаьара царна, атталла цхьа а тайпа Iедал тIелаца а лаац. Иза-м хьовха, «приказ» боху дош а дац нохчийн шайн маттахь…»
– Цул а, хьерадаьлла халкъ ду иза аьлла, доцца йаздинехь, – доккха садаьккхира Лорис-Меликовс, – кошо бен нисдийр доцуш.